И хилла Iийр дац цхьа ах бIe шо даьлча. Кху махкарчу хьолечу маьIданех пайдаэца дезар ду правительствон. Кхузахь заводаш, фабрикаш йохкур йу, цIерпоштан некъ балор бу. И дерриг деш белхалой оьшур бу кхузахь. TIаккха, шена мел ца лаахь а, меттигера туземцаш балха ца эцча а бевр бац. Туземцаш Iамо школаш йелла а дезар ду. Цхьатерра хьелаш, кхоллам болчу оьрсийн а, туземни а белхалошна йукъара къоман башхаллаш дIа а йевлла, классови барт кхоллалур бу.
ТIаккха ларлолаш, господа къорза мундираш!
Бакъйолу къонахалла бохамехь гучуйолу.
Вольтер
1
Сийсара тIаьххьа вижинeхь а, дуьнен чу садаржале самавелира Iусман. Ши-кхо де дара Болатан зудчо Дешис регIара шайн йол йалхайо. Стигал кхола йоьлча, сиxаллехь бина хола хIинца, догIа масазза доьлху, бахкалуш лаьттара. Тахана иза цIа бан а, кертана хьокхий кечдан а дезара Іусманан.
ХьалагIатта мало йеш, ши бIаьрг хьаббинa, мaсех минoтeхь Iиллира иза. Маьнги кIел гуттар хьаьсарта йахана йекара цаьпцалг. Цхьана эшшара садоьIура когашкахь Іyьллучу Iумара а. ХIетта дитташ тIера чуйиссина котамаш, «кIакI-кIа-кIакI» деш, кертахула хьийзара. ТIемаш тоьхна, буьхьархIоьттина, леpгaш къардеш кхайкхира йоккха цIен боргIал. Ненан мотт баьсса бара. Йетт оза арайаьлла хир йара иза.
Метта охьа а хиъна, шозза-кхузза куьйгаш дIаса а тесна, чIeниг лаьцна, «къарчI-къирчI» доккхуш йаьIна а саттийна, коч тIейуьйхира Iусмана. ТIаккха, маьнги йисте а хиъна, берзина ши ког кIархаш чу а боьллина, хьалагIеттира иза.
TIeвaхана, охьа а таьIна, лeррина веше хьаьжира Iусман. Йуьхьа тIехь цIен бос богура. Мерехула цо доьIучу сино лестадора хIетта меракIел довла доьлла Iаьржа кIеда чоьш. Цхьана эшшара ийъалора шуьйра накха. Безамах буьзна бIaьргаш вешина тIeбоьгIна а Ӏийна, иза сама ца ваккха гIерташ, меллаша неI йиллина, уча велира Iусман.
Аттана кIел тесна эса дIадаккха гIерташ йоллура нана. Амма иза дIадала ца туьгура. Корта xьийзош, тIаьхьарчу когаш тIe xIyьттуш, кхоссалой аттана кIел долий, шен тIеда чорда муцІар къинхетамза шинах тухура эсо.
– Дакъаза ма дала хьо, хьо-м мацалла леш доллуш хилла! – эххар а, когаш гIертош, тIаьхьадан ца туьгу эса, логах бухка а тесна, такхийнa дигна, кертах дIатесира Айзас.