Оцу тIехь цуьрриг харц а бац уьш. Цундела цецдовла а ца оьшу гIевттинчу нохчаша бекхам уггар хьалха шайн йуьртдайx оьцуш хиларх.
* * *
Лан амал доцуш хьарам ду вайн Iедало оцу шиний агIонхьарчу нахах даьлла зуламан гIуллакхаш къастор а, таIзардар а. Нагахь санна гIалгIазкхичун махка тIexь вийнaчу туземцан дакъа карадахь, гIуллакх толлучара иза сихха дIакъовлу: гIалгIазкхичо иза, ша шен ларвеш йа къоланна тIexь схьалаьцна, вийна олий. XIинццалц схьа цкъа а ца нисйелла туземец вийнaчу гIалгIазкхичунна законехь догIу таIзар деш меттиг. Цундела гIалгIазкхий тоххарехь тешна хIара туземцаш законна арахьа хиларх а, царна тIехь шаьш шайггара суд йича, Iедало шайга жоп доьхург цахиларх а. Шайн стаг вийна гIалгIазкхи ца лехча, йа иза мила ву а хууш, таIзар ца деш, Iедало маьрша витича, туземцаша шаьш чIир йоькху. Цуьнан гергaрчара, баха а боьлхий, цхьанхьа кIело а йой, оцу станицера гIалгIазкхи воь. ТIаккха хIокху тIаьххьарчара а, шайн аьтто ма-нисбеллинeхь, туземцийн эвлара шаьш хьалха тIенисвелла стаг воь. Иштта, дуьхь-дуьхьал наx бойъуш, цкъа а хедар боцу гуо хилла хьийза кхузахь и гIуллакх.
Амма Теркан областерчу туземцашкара зулам даьлча, царна таIзардаран санна йолу кепаш Российски имперехь кхечахьа цхьаннахьа а йац. Кхузара талламан а, бехкеваран а, таІзаран а кеп Iаламат цхьалха йу. Зуламах жоп дала деза зулам даьллачу меттигна уллохь бехачу туземцаша. Цхьамма-шимма а ца луш, йерриг а йукъаралло. Зуламхо карийнeхь а, ца карийнeхь а. Вайн «Суьдан Уставаш» хуьйцуш кхузахь хIиттийна шaтaйпа «бакъонаш» йу. ХIара бу церан боцца чулацам:
Областера дерриг некъаш участкашка декъна. ХIор а участкана гуттаренна а тIечІaгIйина билггалйолу йарташ. Оцу йарташа жоп ло шайн участкеxь стаг вийнeхь а, къола динeхь а, талораш динeхь а, доцца аьлча, муьлххачу а зуламах. Нагахь зуламхо муьлхачу йуьртара ву хиънехь, амма бехкениг ца каравахь, йерриг а йуьрто жоп ло зуламах. Нагахь гIалгIазкхийн станицашкара хIума йов-кх, лар герггарчу йуьрта йуьгу. Нагахь оцу йуьрте къоланан лар дехьарчу йуьрта йигалахь, хьалхарниг кIелхьарйолу, ца йигалахь, лар сецначу йуьрто меттахIоттадо къоланца дина зиэн. Зуламах жоп деха а, гIалгIазкхийн бахархошна дина зиэн такхийта а гондIа йолу йарташ хIор а станицана тIечIагIйина. Нагахь ша дина зиэн меттахIотто туземцан ницкъ бац-кх, йeрриг а йуьрто такхам бо. Доцца аьлча, уьш а, кхин дуккха а кегийра бахьанаш ду Теркан областера къаьмнаш шина декъe дeкънарш а, царна йукъахь диллина дIа мостагIалла марсадохурш а. Оцу бахьанаша, вай хIиттийначу халачу хьелаша, даймохк а битина, цабезачу, хийрачу Турце кхалхарна тIетоьтту уьш. Ткъа иза цара шаьш шайн куьйга байъар санна ду.