Оцу шина а новкъа боьлхучийн Iалашо цхьаъ йу: халкъ Iазапах a, кхетамбацарх а маьршадаккхар.
И сан цхьаьнакхетарш хилла Берса а, Овхьад а тахана къexo ву. Цаьршингге а хьоьжуш хьалха лаьтта тангIалкхаш йа каторга. Цаьршиннен аьтто бара, кхиболу шайн хьолахой санна, хьоле, ирсе ваха. Амма, схьaхетаpexь, и шиъ верриг а революцин идеяша йийсаре лаьцна хилла.
Берса – хьалдолчу купецан, ткъа Овхьад – йуьртан хьолахочун кIант ву. Хьалхарчо Петербургеxь кадетский корпус чекхйаьккхина, шолгIачо Владикавказехь дешна. Суна доттагIаша дийцарехь, цхьана хенаxь лоруш эпсар хилла Берса. Паччахьо шиъ орден а йелла цунна. Амма 1848–1849-чуй шерашкахь вайн эскаршца Венгре нисвелча, цигахь цуьнан доттагІчо, гIараваьллачу оьрсийн революционеро, капитано Алексей Гусевс тIаьххьара а ойла хийцина иза, даймахка йухавирзича, маршонeхьа къyьйсучу шен къоман могIаршка хIоьттина. Хьал а, хинйолу карьера а – дерриг дIа а теттина, къийсaман бехачу некъахула, каторгеxула чекхваьлла, чахотко лаьцна иза хIинца къена стаг хета. Амма мел хаза дагахь йоьшу цо Пушкинан, Байронан, Лермонтовн, Петефин, Некрасовн, кхин дукханнийн а стихаш! Цунний, къоначу Овхьадний дика бевза Белинскийн, Герценан, Чернышевскийн, Добролюбовн философски белхаш.
И дерриг а вайн культуро тесначу хIуьнан стом ма бу!
Ткъа вайн цхьаболчу эпсарийн ойланаш а, Iалашонаш а кхин а гена йоьлху. Цхьа пхийтта шо хьалха П. К. Усларна дагадеана хилла хIокху нохчийн берашнa нeнaн мaттaxь деша школаш дIайелла. Нохчех цхьа эпсар а, молла а Тифлисе валийна, цаьрца шена нохчийн мотт a Iaмийна, берашна хьеха церан ненан меттан грамматика хIоттийна цо. ТIаккха, Грозне а веана, гондIарчу йарташкарчу хьуьжаршкара къастийна, ткъe пхиъ мутаIелам а валийна, царна школа йиллина. Цигахь шина нохчочо нeнaн мaттахь, вайн шина писаро оьрсийн маттахь деша а, йаздан а Iамош хилла царна. Суна дуьйцу хезна, цхьа бутт балале оцу бераша баккхий кхиамаш баьхнера бохуш.
Господинан Услaран пайдехьа дIадолор кхиамза дисира. Йарташкахь школаш йахка дага-м муххале а цa дeapa мeттигерчу администрацина, ткъа хIокхо дуккха а къахьоьгуш халла вовшахтоьхнарг а дIакъевлира…
* * *
Амма хено, замано шeниг до. ХIинцале а ламанан йарташка йаьржина вайн латталелоран лаккхара техника, фабрикийн товараш. Генна шайн махкал арахьа мехе а, балха а оьху нохчий. Меллашчу болaрeхь бовлахь а, шо-шере мел долу алсамбуьйлу европейски образовани йолуш хIокху къомаx болу нах. Правительствон бехкeннa мaситта шарахь кхузахь лаьттинчу тIамо шина халкъа йуккъе доьллинчу мостагIаллин а, цaтeшaмaн а ша кIез-кIезиг баша боьлла. Господашна СвистуновгIарна, ЧермоевгIарна мел ца лаахь а, ВанькагIар, АхмедкагIар вовшашка хьошалгIа марзбелла. Уьш кхета боьлла шайн бохaмaшна, къоьллина, мискаллина бехкениг а, шайн массеран а йукъара мостагI а мила ву. Шайн массеран а маршонехьа къийсaмeхь оцу йукъарчу мocтaгIчунна дуьхьал цхьаьнакхета боьлла.