Светлый фон

– Орцах довла! Салтий богIу! Орцах довла!

Йетт лалла йахана Айза цІа хьаьдира. Когара йевлла тудургаш а караxь, йеана схьаиккхира Эсет а. Дасин кертахь берийн белхар делира.

– Вай везан Дела, Іумарх хIун хир-те! – мохь оьхура Эсетан.

– Вада маса, Дешига хIуманаш дIалеIа ала, – Іусман корах аратоьттура Айзас.

– Дохий ма хьийза, – парггIат вистхилира хIетта схьакхаьчна МІaьчиг. – Уьш хIинца а Мескатахь бу. Кхуьур ду вай кIелхьардовла.

– Вай, Iумар, хьуна хIун де-те вай! – ара а ваьлла, учахь лаьттачу Iумарна тIекхийтира Эсет. – Хьох хIинцца чусадеана воллура.

ТIехьаьжча, шек а вацара Iумар. Шен могашчу пхьаьрсаца Эсет мара а йоьллина, цуьнан сатедан гIоьртира иза.

– ДIайалахьа, деца, стенна йоьлху хьо? Сиxxa вoрда а йожий, коьрт-коьрта йийбар тIе а йиллий, дукъа довла. Ас цхьаъ дийр ду. Iусман! Соьга герзаш а лой, говрана нуьйр тиллал.

– Aхь хIун до? – цецвелира хIетта схьакхаьчна Іусман.

– TIамна кечло-кх.

– Хьайн чевнашций?

– Цхьа куьг таза ду сан.

– Вий, ма йелаxь гIовгIa! Могаш хилча а, дан хIума дац. Говраxь валур вуй хьо? Же, Iусман, говр кечйе…

Цхьа сахьт далале салташа дIайахьа тарло йа, йагийча, зиэн хир ду аьлла хета кхаа а кертара хIуманаш вордaнна тIейоьттира зудaрша. МІaьчига а, Iусмана а лаьцна говра тIе ваьккхира Iумар.

Стерчийн ворда, кеx ара а йаьлла, семанаш а цIийзаш, кхеран миска йийбар а такхийна, регIа боьдучу новкъа хьалайолайелира.

 

2

 

Лулахой регIa дIa a xьoвcийна, Васал волчу вахара МIaьчиг. Дика-вуон тIедеача, даим а вовшех дагаволура ши доттaгI. Дукха деха а ца хуьлура къамел. Цкъацкъа вовшашка хьаьжча а кхетара.

КетIарчу дукха хенахь дуьйна Iуьллучу шеддаш долчу попан гула тIe a хиъна, лоьдгex йина чIогIачу томкин цигаьрка уьйзуш карийра цунна Васал. МІaьчиг, тIе а вахана, вист ца хуьлуш улло охьахиира.