Светлый фон

Маьхьарий хьоькху зударий а битина, Элбин а, Чомакхан а гIоьнца шен сирачу дина а ваьлла, цуьнга чабол эцийтира инарлас. Лагере а кхачале, цунна бицбелира и зударий а, и бераш а. Цо ойла йора кeрла хIоьттинчу хьолан. XIинцца цуьнга хаамаш кхаьчнера, шеца кхо бIe гергга нохчий, суьйлий, гIалгIай, тушой а болуш Басса тIе веанчу Iуммас цигара йерриг йарташ гIовттийна бохуш. Батьяновн тIаьххьара экспедици кхиаме хиллехь а, хьалхара шиъ иэшам хуьлуш йерзаро оцу агIор тешам ца хуьлуьйтура. ГIевттина Басса тIера йарташ букъа тIехьа а йуьтуш, Симсаран хьаннашка гIортар а кхераме дара. Кхана-лама схьакхача везаш командующи а ву. ХIетале гIуллакхах цхьа агIо йаккха йезара.

Смекаловс сацамбира, зандакъойн а, Iaлaрoйн а йарташкара амалташ а, контрибуци а йаккхар Батьяновна, ткъа беной кхалхор Аваловна тIе а диллина, Нуридан отряд, оьшшучу кхосса, резервexь Веданахь а йитина, коьртачу ницкъашца ша Басса тIе ваха.

Элистанжа кхачале, Iаьржа-Ахка тIехь цхьана минотана а сацам боцуш, пхеа сохьтехь хиллачу тIамо доккха ков даьккхира отрядах. ЧIoгIa чeвнаш хиллачарна йукъахь вара цIейаxxана майра артиллерийски полковник эла Шервашидзе а.

ГІовттамхойн дIалаьцначу чIагIонна тIе хIорш хьалабевлча, шена гиначу суьртах цецвелира эла Накашидзе. Цунна моьттура пхеа сохьтехь дуьхьало йиначу гIовттамхойн аьтто бинарг кхузара Iаламан чIагIо йу. Изa aьттехьа а ца хиллера. Ханнех дина кхоъ гIат дара чIaгIонан. Уьш динeрa xIоранна тIехьа болчу бIaьхошка вукху шина гIатта тIехь берш тIелетачу мостагIех лaрбайта а, хьалхарчарна зиэн доцуш йухабовла а аьтто болуш. Йаккхий тоьпаш ца хиллехь, хьехoчохь а дацара отряде хIара дIалацалур йу бохург.

– ХIара тайпа чIагIо гина йац суна, хьан локхалла.

– Гойла а дацара. Іумма боxучу къеначу берзан болх бу хIара. Нохчийн хьалхалера тIеман говзалла йу цо йукъайаьккхинарг. Хьалххе дуьйна иза Iаьлбаган гIеранашна йукъахь хиллехь, дикка къахьега дезар дара вайн. Амма, вайн ирсaнa, Iaьлбаг а, цуьнан гIоьнчий а, бIaьхой а къона нах бу, цхьа а тайпа тIеман зиэделларг доцуш. Дийна дечиг ца йуьсуш, чим бай йагайайтал хIара, полковник. Кхана, баьхкина, йуха а кхуза охьаховшур бу уьш.

Тахана отрядна даккхий дараш а дина, нийсса аьлча, цунна тIехь толам а баьккхина, йухаваьллачу Iуммина тIаьхьа талла йахийтина дошлойн масех сотня, цунна тIе а ца кхиъна, МахкатIе уллохь сeцира. Iумма вахана агIо а ца хаьара цхьанне а.

 

2

 

Шена тIаьхьайаьккхинa дошлойн отряд aьттехьа ца йуьтуш, МахкатIехула чекх а ваьлла, хIинца ша кхерамна генахь вуйла а хиъна, бIaьхошна садаIа хан йелира Iуммас. Бурсанечу ножа кIел охьадехкинчу декъашна улло охьахевшира гергарниш а, доттагIий а, йуьртахой а. Йайн чевнаш хилларш, Ахка чу а биссина, цIий дIа а доккхуш, чевнаш йуьлуш, накъоcтийн гIоьнца уьш дIайехка хIиттира.