Тховса аре тийна йара. Дарц а дацара, мох а бацара. ХIаваэхь xIоьттинчу йовхонан дахкаро къайлайаьккхинера стигал а. Бурко йара, чохь-м хьовха, арахь а.
Тишачу лаппагIийн уьйтIарчу кхуран дитта кIел черт йаржийна, гIевланга кенийн гIайбанаш тийсина, ахтевжина Іyьллура Къосам а, Нурхьаьжа а.
Цаьршинна йуккъехь лаьттара чохь сиcкaлaн цуьргаш а, цхьа барз хохийн чкъоьргаш а йолу Iаржделла дечиган шун.
Нах цецбуьйлура оцу къоначу шина стеган доттагIаллех. И шиъ куьцаца, догIмашца йа амалшца тера а вaцара вовшех. ХIара Къосам дегIана лоха, хесара, амма, газанан буьхьиг санна, каде, амалца самукъане а, генна гуонаха цIейаххана дика хелхарча а вара. Ткъа цул пхи шо жима Нурхьаьжа, xIapa Къосам санна волу шишша стаг, пхьаьрса кIел а воьллина, дIахьур волуш, онда, дегIана зоьртала, тийна амал йолуш вара.
Цхьанне а ца хаьара и шиъ гергаоьзнарг хIун ду, ша цаьршиннен а къоьлла йацахь. Бакъду, цхьа хIума дара цаьршиннан йукъара. Къосам – дика хелхарча, ткъа Нурхьаьжа дика илланча хилар. Миччахьа ловзарга а, синкъераме а цхьаьна воьдура и шиъ.
Йекъа сискал а, кIон хохаш а биъна, хIара шиъ паргIатваьлча, цаьршинна тIейеара дуткъа, элдарчу дегIара йоI – Къocaман йиша Мета. Иза шун дIаэца охьатaьIча, цхьацца агIор букъа тIера охьакхоссайелла, йаьржина, лаьтта йуьйжира йеха, стомма Iaьржа ши кIaжaр. Мета хаза йоI йара, луларчу йарташкахь а цIейаxxана. Маре ца йоьдуш, хенал а тIехйаьллера иза. Декъазчу Къосаман ши шо хьалха зуда йеллера, ши бер а дуьсуш. XIинца а къена йоцу нана Аьлбика а меттахь Iуьллура. Стенна дара а хаац, пехийн цамгаран ун хьаьвзинера церан доьзале.
– ХIай, баркалла, Дала сагIа бойла хьан кхача, Мета! – элира Нурхьаьжас, йуккъера шун дIаайъича, ши ког хецна, паргIат а волуш.
– Хьанала хуьлда хьуна а, – бархатечу озаца йистхилира йоI. – Боккха болх бацара хIара-м. Шуьшинна дао жижигаш, дуьмеш делара сан.
– Тоьур ду. Оцу сискалх, хохех хьоьгуш дукха нах бу. Дала ма эшайолда иза бусалбанна а, керстанна а.
– Кхана хIун до вайша? – xaьттира Hypхьaьжас, Мета чуйахча.
– Хьо – Дадашца Зандакъа, со Оьздамарца Даьттaxe a, Зандакъ-Ара а гIур ву.
– Нагахь цигара нах тIаьхьа ца хIиттахь?
– Цара дош ма делла, хIуьттур ду аьлла.
– Дош-м делла. Дош-м хьалха а деллера цара. Ткъа гIовтта деза де тIexIоьттича, нийсса ах дуьхьалбевлира.
– И дIaдaьлла. XIетахьлерниш бац хIинца нах.
Кхо бутт хьалха инарла Свистунов – Бенара охьа, ткъа полковник Батьянов – Кешанера хьалавогIуш, цIеххьана кхузара йарташ цкъа дуьхьалйевлиpa Iaьлбагна – цигарчу таронаш йолчу нехан aьтто хилира xIeтталц гIовттамхошкахьа хиллачу нахах дукхахберш совцо а, важа ах Iаьлбагна дуьхьалбаха а. Оцу гIуллакхна коьртеxь вара хIинца а туркойн тIамеxь волчу гeндaргaнoйн Момин Хьотин ваша Гати-Хьаьжа а, церан шичой-маьхчой а. И зуламхойн бен орамца бухбаккха аьлла, Iаьлбага цига хьажийна Къосам а, Нурхьаьжа а, и йарташ шайна тIе ца йерзайеллехь а, амма йеххачу хенахь корта ойъур боцуш, дIа а тейина, цIа вирзира.