ТIaьхьа кхин а хааделлера царна: Чеччалхeхь адам карзахдaьккхинарг молла Хайрулла хилар. Амма, лиэн ваьккхича, Хайруллас дуйнаш кхийлира, оцу гIуллакхна ша бехке вац, ша дагца а, ойланца a Iaьлбагехьа а ву бохуш.
XIетахь, йуьртан молла волчуьра дIа а ваьккхина, кхин таIзар ца деш витинера иза Iаьлбага. Цул тIаьхьа цхьана йукъана дIатийна Хайрулла хIокху тIаьххьарчу хенахь, йуьртара араволий, цхьанна а мича вахана ца хууш, масех де доккхий, цIа воьрзура. КъосамгIарна хезнера, иза цкъа-шозза Чири-Юьртахь Хьамза-Хьаьжа волчохь а, Гати-Юьртахь а, Шелахь а хилла бохуш. Амма хIетахь цуьнан леламийн дуьхе кхиа цa гIoьртира уьш…
– Хьайца маса стаг вуьгу ахь? – xaьттира Къосама.
– Бекъна бига нах вайшиннан-м ма бац. Iаьлбаге гIо дехча?
– Цо мичара ло иза! Цул, тховссехь геланчаш а бахийтина, гонахарчу йарташкара вешан нах схьагулбича?
– Кхуьур дуй-те? ХIара буьйса пхьид эккхал а йац.
– Цхьацца бIe стаг а ца хилча, ледаро-м хир ду гIуллакх.
– Наха дуьхьалойарна-м цa кхоьру хьо?
– XIан-хIа. Вайца нах кIезиг хилча, вайн гIуллакхах тешам бов нехан.
– Цхьацца бIe стаг хилла Iийр вац вайн. Кхузахь шовзткъа стаг вуй? Даьттахарчу Эзархана шен ах бIe стаг ву, боху, кийчча. Зандакъ-Арарчу ШоIипа а, Гендарганарчу Дауда а оц-оццул нах хуьлуьйту. Зандакъара а, Симсарара а, Байтаркера а хир бу.
– Гуттар а тIех хилахь, пхи бIe стаг нисло-кх.
– Иза-м кIезиг ницкъ а бац. Оццул нахаца-м вай Майртуьпана уллохь кхо эзар салти эшийра. Цаьрца бархI йоккха топ а йоллушехь.
– И ша дара.
– XIунда?
– XIетахь Iедал ларлора, вайн ницкъ ца хууш. XIинца хаьа. XIор а йуьртахь шайн йаккхий гIортораш йуйла хаьа. ТIe, цул тІaьхьа, хьекхийна, ницкъах а даьхна вай.
Къосама йуха а куьг ластийра. Цунна ца лаьара кхолламан кIорге гIерта.
– Дитал уьш. Даим дIа чIеIаш ву-кх хьо. Цул, цкъа вайшиъ новкъа валале, и пондаран дечиг кара а эций, цхьа мукъам бехьа. Ден-ненан цхьа волу цхьа кIант мостагIех леташ валар дуьйцуш.
Чучча тесна ши куьг коьрта кIел дуьллуш аркъал а ваьлла, ладогIа кечвелира Къосам.
Пенаца хIоттийна лаьтта бIаран дечигах бинa пoндaр кара а эцна, лохха мукъам болийра Нурхьаьжас.