Iуьйранна хIума кхалларх бара бIaьхой. Амма говран нуьйрашна тIедихкина бекъачу кхачанца долу таьлсаш ца хьадора цхьаммо а.
Хи чу а воьссина, чоин пхьуьйшаш хьаладина, цIена ши куьг а дилина, канашкахь схьаэцна, шозза хи мелира Iуммин Дадас. Йуха а сирлачу хи чохь нур дeтташ къегира дашо чIуг. Йуха а карлайелира йезар. Амма Дадас генна дIалелхийра ойланаш. Цо догдиллинeрa ирсах.
Лохха къамелаш хезара, хIинцца чекхбаьлла тIом бийцаре беш. ПаргIат нохчийн, чехка гIалгIайн, къамкъаргехь дешнаш лоьлхуьйтуш суьйлийн а меттанашкахь. Масех тушо Iара йуьстаххиъна, эттIа мачаш а, чоэш а тIеттIа а ийзош.
Дадас а йора чекхбаьллачу тIеман ойла. Тахана эпсаршна йукъахь дуккха а гира цунна шена бевзарш. Владикавказеxь волуш ша хийла ха дина инарла Смекалов а. Оцу эпсаршца сакъoьруш дуккха а буьйсанаш а йайъина Дадас. Ткъа тахана цара вовшашна тоьпаш йиттира. Хьерабевлча санна. Вевзирий-те царна Дада? Ца вевзина хила а мега. Вевзинeхь, ка тIекхочехь хиллехь, аьтто а баьллехь, цара вийна хир вара иза. Царна гергахь Дада йамартхо ву. Паччахьна, даймахкана муьтIахьаллина биъна дуй къарбина йамартхо.
ТIeвеанчу Овхьада йукъахйехира Дадин ойланаш.
– Стенан ойла йо ахь, борз? – улло лахвелла, куьйгаш дила вуьйлира Овхьад.
– Таханлерчу тасадаларан.
Овхьада а, канашкахь схьаэцна, шозза-кхузза хи мелира, даккхий къурдаш а деш.
– Дика катуьйхира вай-м. Хьайна вевзaрг-м ца вийра ахь?
– ХIан-хIа. Велур вацара. Царна йукъара цхьадерш жIaьлеш хиллехь а. Ишттачохь ма ца нисйо гамо.
– Вайна йукъахь йерг гамо йац, Дада, мocтaгIалла ду. Цкъа а машар хир боцуш. Хьуна дика ма девза тIеман законаш.
– Иштта-м, дера, дара иза. Амма царна йукъахь селханлера сан доттагIий ма бу.
– ДоттагIаша шайн доттагІчун йарташ ца йагайо, зударий а, бераш а ца дойъу. Шайна дуьхьал нисвеллехь, цара вайшиннах бийр барий къинхетам?
– Cox-м бийр бацара. Цара-м со, йамартхо ву аьлла, нажжаз ма вина.
ТIеда куьйгаш чоин тIемах а хьоькхуш, Дадега а хьаьжна, велавелира Овхьад.
– Цунна ву хьо догдоьхна? Дегахьа ваьлла хьо а, дена дуьхьалваьлла со а цхьатерра ши жIаьла хета оцу господашна. СвистуновгIеран, ЧермоевгIеран компанина. КІезий долуш шаьш дига а дигна, кхаьбна, ткъа кхиъна даьлча, акхадаьлла.
Дадас доккxa сaдaьккхира.
– Co-м кхолламо валийнера кхуза. Амма хьо сонта хIунда хилла хаац-кх.
– Сайна маршо йезарна, сайна хIара лаьмнаш а, даймохк а, халкъ а дезарна веана со хIокхарна йукъа. Сан халкъана тIехь Iазап латториг, иза милла велахь а, мостагI ву сан. Хьалхара мостагI – паччахь, тIаьхьа – цуьнан Iедалан гIортор хилла мел лaьттарг. Царна йукъахь сан да а, ваша а ву. Сан цкъа а машар хир бац цаьрца. Ткъа хьо вуьззина Іовдал ву Дада. Хьайн дех дозалла дечу меттана, виллина дIа цІом оллийнa лела. Цкъа дина, цкъа бен лийр а дац. Лата хьо. Доггах лата. Вай лийр ду, амма къийсам соцур бац. Даим хир дац вай къийсaмeхь цхьалха. Оьрсий шаьш а гIовттур бу. Кхидолу къаьмнаш а гIуьттур ду вайца цхьаьна. Оцу тIегIерта Россехь хIоьттина хьал.