Делкъе йинчул тIаьхьа йоцца кхеташо гулйира Іуммас. Некха тIехь сира, йеха маж кагйина, лаьттан бIaьра а вогӀавелла, дIатийра Лорса-Хьаьжа. Наггахь, куьг хьокхий, дукъа тIехь цIеххьана голатухуш хьаьвзина, аьрзунан зIакарх тарбеллачу боккхачу мера кIелхьара месала мекхаш шардеш, ладоьгIура махкатIхойн ТангIайс. Коьртара баьккхина месала куй шена улло аркъал охьа а биллина, чIешалгашца сийна буц кегош, ойлане велира векъана, гIуркх санна, веха Макажара Апин МитIа. Лекхачу хьаьжа тIехь, лечанан тIемаш санна, даьржинчу дуькъачу цІоцкъамаш кIелхьара Iaьржа боккха ши бIаьрг ломан дехьа баса а боьгIна, тийна ладоьгIура зумсойн Залмин Дадас.
Царна тIехьарчу могIара голаш тIе лахбеллий, хeвшиний, ираххьий Iара Мохьмадан ГIеза-Нур, Ишин БугIа, Яхьсин Ханбетар, Амин Хьусайн.
ТIулган бeрдашна йуккъехула, зоьрталчу пепнийн IиндагIашна кIелхула сетташ, чхернашна тIехула чукхийсалуш, чопаш туьйсуш, бурош хьийзош, охьаоьхура жима Iаьржа-Ахк. Бухара тIулгаш Iapждинeра тIетийсинчу хьесаша. Цундела оццул сирла хи бодане, Iаьржа хетара.
– ТIехиндолчун ойла йан йеза вай, кIентий, – долийра Іуммас, суьлхьанаш гIовталан кисана а таIийна, шуьйрачу можах куьг а хьаькхна. – Белларш бу дIабохка безаш. Шайн йарташка а бигна. Ахь, Иба, ЧIебарлой дIабигаран гIайгIа бе. Байъина гIалгIай, Іаьндой дIабига масех стаг а къаставе. Цаьрца пхи-йалх нохчо ца вахча, гIиллакхе хир дац. Белларш дIабохккалц цигахь Iе. И нах болчаьрга тxоьгара кадам а бе. ХIинца вай дан дезарг. Инарла вайна тIаьхьавер вац. Baьхьар а вац. Хетарехь, йарташ а йагийна, Ведана йухавоьрзур ву иза. Йарташ кIелхьарйаха ницкъ бац вайн. Доцца аьлча, хьалха баьхкича, цара йитина а йац шолгIа йаго хIума. Эскар Ведана йухадолуш, цунна тIелета дезар ду. ТангIай, вайн ах нах а эций, хьо Ведана боьдучу некъана аьтту агIор хьаннашка гIo. Бисинчаьрца со аьрру агIop вер ву. Цхьана минотана а садаIа ма бита, тIейетташ, Ведана дIабига уьш. Лорса-Хьаьжа, аxь xIoкху йарташкахь бисина нах вовшахтоха. Эскар дIадаха новкъадаьлча, тIехьахула тIелетар ву хьо.
Дехьо йуьстахлаьтта Овхьад а, Дада а тIекхайкхира Iуммас.
– Овхьад, тховсa Iaьлбагна тIекхача деза хьан. Тахана хилларг дийца. Кхана тIом хир бу ала. Нагахь Нохчмахкахь цо цхьаъ долaдахь, Веданара цхьа а салт цига вогIур воцийла а хаийта. – ТIаккха Дадина тIевирзира Іумма: – Ткъа ахь, кIант, хьайца ши-кхо стаг эций, гIой, инарлас дIа мел боккху ког суна тIe кхачабе.
3
ТІe латта тесна лоха тхов болу Къосаман къен цIа, чуваьлча, кошах тарлора, буьйсанна-м xьовха, дийнахь а. Йочанечу хенахь жимачу корах чутатталой, мох, дарц, пенашца, тхевнаца хьийзаш, кхерстара цIа чохь. Ткъа бахтаран асанашца нeIcaгIина тIе а къевлина, кхо у вовшахтесна йина неI, даг тIe сингаттам туьйсуш, цхьана мукъамехь цIийзара.