Светлый фон

– Оцу йерриг хeнaхь соьца зIe а йацара хьан, Алексей Михайлович. XIара тIом ма бу. Кхузахь а, Анатолехь а, Балканашкахь а. Ас хьеха ма ца оьшу хьуна, тахана Нохчийчоьно мел маьIне меттиг дIалоцу. ХIор а денна, муьлххачу а сохьтехь соьга хаамаш мa боьху коьртачу штабо. Командующина хаа ма деза тIеман театрехь хIор а сохьтехь хуьлуш дерг. И хууш ца хилча, цуьнга куьйгалла далур ма дац тIеман операцеш тIехь. Ткъа со хIокху деношкахь бIaьрзечу стеган хьолехь вара.

Свистунов везза охьахиира. Цо хаза дийцахь а, цуьнан кхохкийна, цIиййеллачу йуьхьа тIехь кIайн тIедарчий гича, хиира Смекаловна командующи кIезиг оьгIазвахана цахилар.

Чувеанчу Афанасьевс йуург кийча хилар хаийтира. Дукха хан йалале стоьла тIe хIоттийра бошхепаш чохь котаман чорпий, бос боккхуш йеттина Іахаран шашлыкаш, тайп-тайпана стоьмаш, шийла паста, малар.

Дассаделла чорпин бошхап йуьстах а теттина, шашлык караийцира Свистуновс.

– Селхана цхьацца хийцамаш бина ас Нохчийчохь, – элира цо, схьадаьккхина хIинца а довха долу жижиг бага а даxийтина. – Арен тIехь лаьтта отрядаш хьан кyьйгалли кIелхьара дIайовлу.

Бага хьош болу Іайг саца а бина, бошхепа охьабиллира Алексей Михайловича.

– Декхаршца со ца ларийна бохург ду-кх иза, Александр Павлович?

– Дегабаам стенна оьшу, сан доттагI? И дан дезаш хьал хIоьттина. Кхузара дIа йерриг отрядашна тIехь куьйгалла дан хала ду. Геланчаш дIасабоьлхуш кхо-диъ де долу. Иза дукха хан йу. Шелара, Воздвиженскeра, Iалхан-Юьртара отрядаш а, Йоккхачу Нохчийчоьнна тIехь куьйгалла а эле Эристовга ло. Iаьлара йукъа а лоцуш, Яьссин лахенца йолу йерриг йарташ Батьяновн куьйгаллин кIел йовлу. Хаси-Юьртара схьа царна тIехь тергам латто атта хир ду цунна. Къастийна кхин а шиъ отряд кхуллу. ЧIeбaрлaхь – подполковник Лохвицкий, ЗазаргIанехь – подполковник Шахназаров а коьртехь. Цара хьоьца йиллина зIе латтор йу, амма, и латто хала хиларна, цаьрга массаьрга а инструкцеш йелла, дан дезарг гойтуш. Иштта ду гIуллакх, Алексей Михайлович. Хьан кхиамна тIера!

– Вайн кхиамашна тIера!

Дуткъа ангали зeвне дийкира. Шиммо а, схьаэцна, Іаж кхаьллира, цергашца гIоргIа тата а доккхуш.

 

2

 

Суьйранна тIеман кхеташо гулйира Свистуновс. Ведана баьхкира Лохвицкий, Ломносский, Авалов, Шахназаров, Верховский. Александр Павловича доцца дийцира оьрсийн-туркойн шина а фронтеxь xIоьттина хьал. ТIаккха Россин араxьарчу йукъаметтигаш тIехь сeцира.

– Цхьана йукъана Жимачу Азехь вайн хилла иэшамаш дIабевлла. Шиний фронтехь хьалхатеIа вайн эскарш. Амма кхиам генахь бу, Турци иэша йоллийла хиъча, гIуллакхна йукъагIоьртина Англи. Мальте десанташ йиссaйo цо. Безикски заливе шен флот оьзна. Нагахь вай Константинополь дIалацахь, вайца тIом боло кхерам туьйсу. Австрис а хаийтина ша Англина гIодийриг хилар. Дика дац империна чоьхьара хьелаш а. Массо а йаккхийчу гIаланашкахь белхалоша дуьхьалонаш йo Iедална. Даррехь революцин ун гучyдaьлла. Iедална дуьхьал къайлах масех организаци кхоллайелла. Масех губернехь муьжгийн болам бу. Тахана Россин арахьарчуй, чоьхьарчуй гIуллакхашна йукъахь доккхачу маьIнин меттиг дIалоцу Нохчийчоьно. Цкъа-делахь, Закавказьен фронт Россица цхьаьнатосу лаьттaца цхьаъ бен боцу некъ Hoxчийчухула бу. Нохчаша муьлххачу хенахь а и тIеман коммуникаци сацо тарло. ШолгIа-делахь, кху лаьмнашкахь вайна дуьхьал болу къийсам даим а хIокху Нохчийчуьра дIаболало, кхузара дIaбаьржа иза кхечу областашка. Изза хилла хIинца а. ГIаттам ДегIастана баьржина. Цигара дIа суйнаш мича оьгур хаац.