Светлый фон

Чохь пенашца, цIенкъел лакхо айъина, маьнгин хьесапахь терхи йитира тIе охьадийша. Цхьана маьIIexь пенаца хьалайаьхьна товханан туьнкалг тховх чекх а йаьккхина, тIехь поппарца дIахьаьхира. ХIетта веаммо мор буьззина йеана йекъа къаж, стомма чкъор деш, «маьнги» тIе а йаржийна, паргIатбевлира уьш.

– Нускалш делахьара, кхин хIумма а ца оьшура вайна, – элира кIедачу къожа тIе аркъалваьллачу Янаркъас. – ХIан, Элса? Дом есть, матушка нада. Жина нада!

– Вуон-м хир дацара, Янек! – куьйгаш хьакхийра Елисейс. – Цхьа хазо жеро хилча, дикахо летар вара со. ЭхI, Янек, схьахетарехь, иштта кIантстаг волуш лийр ву-кх со.

– XIунда ле? ХIокху йалх баттахь дуккха а жерой бевлла йарташкахь. ХортIин Асхьадах йисина Буцани йу хьуна ма-йезза. Гиний хьуна иза? Ахь боху-ца боху хьийкъина йу иза! ДеакIов дегI, оцу хьан гIодайукъал стaммий настарш, пхьаьрсаш. Бад йу-кх, йеккъа ша бад!

– Суна реза хир йуй иза?

– Муха ца хуьлу! Суна хазарехь, Асхьадна резайацара иза. Ледара айгIар болчух тера дара иза, кхин а бухахь валларг. Ткъа Буцанина, хьо санна, цхьа стомма ворта а йолуш, некхан ваз даьлла хьаьрса бугIа оьшу.

– Керстане маре гIур йац шун зуда.

– XIун башхо йу – кeрста а, бусалба а! КІeзиг дац ишта маренаш а. Тхайниш шуьга а, шуьниш тхоьга а богIуш. Ишттачу кхолламан кIеза ма ду хIара Юсуп а. Хьажал хьо цуьнга. Нохчочун мара, оьрсичун бIаьргаш, шиннахьара схьаэцна шалго майралла!

– Baйниш жоьра ма бисахьара, Янаркъа, – элира, кIадвелла забарех самукъа ца долучу Къайсара.

– Сайниг-м йуьсур йац. Мишкица барт бина ас хьалххе. Сайл тIaьхьа ЖовхIар цунна йерзош. ХIа-ан, Мишка?

– Суна стенна оьшу хьан йакъайелла къена баба?

– XIумма а къена йац. Оза-м йу, бакъдерг аьлча. Ахь, жижиг даош, дика кхабахь, бутт балале йерстар йу, даIам санна. ТIаккха, гIала а вaханa, подар-басар деана, кечйича, мел хаза меъ хир ду цунах. ТІe, ши бер а ду анддадаьлла. Йеккъа са йу хьуна, Мишка. Со а паргIат хир ву эхартахь!

– Забар-м – забар йара, неIаран гIайгIа йу-кх, – элира Къайсара.

– ГIайгIа бу иза-м, ца хилчхьана. ТІe, вай хIун до цуьнан? Тахана йа кхана йалсамане йа жоьжахате гIур долуш хилча.

Къайсар, гIеттина, аравелира. ГІовттамхойн кIотарна йуккъexь йиначу гIишло кIелхьара схьахезира малхбузу ламаз доьхкучу Iаьлбаган дуькъа, кIеда аз.

Елисей накъосташка хьаьжира.

– Шуьшиъ хIунда ца воьду ламазе?

– Тхойшиннан делаца дийца къайлах хIуманаш ду, Элса. Цхьа бIe стагана йуккъe a xIоьттина, дийца мегар доцуш. ЭхI, Элса, со цIа вахаза дукха хан йаьлла. Сан нускал a Ia хир ду сагатлуш.

– Воккха мунeпикъ ву хьо, Янек. Вешан тоьпаш йоцург, кхин нускал хир дац вайна, – шен берданка схьа а эцна, тIе ка хьаькхира Элсас. – Сан уггар хазаниг, уггар тешамениг!..