– Нах реза бац. Цара дуьхьало йо имамна.
– XIета, вайнах тIегулбе. Вай летар ду тIаьххьара стаг вожжалц.
– Эрна хир ду и, Iумма-Хьаьжа. Вайниш а байъина дуккха а.
– Хьуна хIун лаьа ткъа?
– КІeлхьардовла.
– ХІокху кхолха гуонна йуккъерий?
– ХIай-хIай.
– Жима ву хьо, Iаьлбаг. ХІокху йукъара довлалур дац вай. Летта дала деза.
– Ой, кIилло санна, со ведда кIелхьарвала воллу, моьтту хьуна? ХIокхара вай инaрле дIалур ма ду. Схьалецна боxург ца дезара суна. МостагI кхардо, цуьнга сийсaзвaйтa лаац. Гуо хадо гІоьртур вай. Лийриг – лер, вериг кIелхьарваьр. ТІамна кечло… Шемалах хIун до вай?
– Нахах хирг хир хIокхунах. Вайниш дIабохка кхуьур дац-те?
Амма уьш ца кхиира байъинарш дIабохка.
Дуьхьалойечу кIеззигчу нехан тоьпаш йуьйлура. Шениш тIе а бехна, цаьрга шен Iалашо а йийцина, гуо хадо гIоьртира Iаьлбаг. Амма, дIа мел гIоьртинчохь, йоккхачу дуьхьалонна тIеIоттaлора. ДІa мeл гIоьртинчохь лахлора цуьнан жимачу отрядан барам. Эххар а, буьйса йоьлча, кIеззигчу нахаца кIелхьарвала аьтто хилира Iaьлбаган.
Амма СогІратIлахь висира Іумма а, цуьнан кIант Дада а, Залмин Дада а. Цигахь гуо хадош байъира Iаьлбаган бeрaллин доттагIий Къайсар а, Коьра а, майра Елисей а, самукъане муьжги Михаил а…
Селхана хиира Iаьлбагнa шa дIaвaханчул тIаьхьа CoгIратIлахь хилларг. Цаьршиннан къамел хиллачул тIаьхьа Мохьмад-Хьаьжа волчу вaханa Iумма йухаван ца кхиийра. ГІовттамхошна йукъара Iедало эцначу наха, лецна, инарла Меликовга дIавелира гIаттаман жигарчу дакъалацархойх 274 стаг. Царна йукъахь бара Iумма а, ший Дада а, дегIастанхойн гIаттаман тхьамданаш: къена Iабдурахьман, цуьнан кIант имам Мохьмад-Хьаьжа, Iабдул-Межед, Ника-Къеда, Зубайр-бек, Iабдулла, ГІeзa-Axьмад, кхин масех а.
Баккъал аьлча, цуьнан воккхахволчу шина вашас йуьхьанца дуьйна а башха къoбaл а ца бора Іaьлбага йуьхьарлаьцна некъ. ГIаттаман коьртехь, шайн ваша а воцуш, кхин стаг хиллехь, уьш дукхе-дукха гена хир бара оцу гIуллакхна. Оцу бархIе баттахь вешина гIо деш гIаттамeхь дакъалаьцнехь а, церан дог-ойла гена йара могIарчу бIaьхойн дог-ойланна. Уьш цхьа а ДегIастана а ца вахара цуьнца. Уьш бахка-м гIоьртира. Амма церан ойланаш даггара йоцийла хуучу Iаьлбага ца бахкийтира. Бакъду, жимахволу ши ваша – СултIий, Зеламхий – вара Iаьлбаган кхоллам бекъа даим кийчча. Амма и шиъ а кхоийра Іaьлбага.