Хьалха могIара хIиттина нах ойла йеш ца Iийра.
– Оха аьлларг хьалххе дуьйна ца хаьа цуьнан воккхаллина? – вистхилира Боьршиг. – Сийлаxьчу паччахьна, цуьнан локхаллина областан начальникна, оха лоруш волчу хьуна луург дан гIерташ, тхешан бахамех а, синойх а довла кийча ду тхо!
– Нийса боху Боьршига! Иштта дIаала инарле!
– Тхан цIарах кехат йазде паччахье!
Iаббалц нах маьхьарий хьекха а битина, йуха а къамел долийра Эристовс.
– Дика ду, шелахой. Шун дош тоьу суна. Суна хетарехь, гонахарчу йартийн векалш а хир бу кхузахь?
– Бу! Эвтархой, курчалой, эгIашбатой, атагIой а!
Дехьо Берсина гуонаха лаьттачу нахана йукъахь резабоцуш гIугI доладелира:
– Хьовcийша, кхин эхь а ца хеташ, цара дуьйцург!
– Массо а йарташкара схьагулйелла йеккъа цхьа тIингарш йу-кх.
– Хьоло хьерабаьхна!
Чермоевн лере таьIира Эристов.
– Дисинарг ахь аьлча бакъахьа ду, хьан локхалла.
Орцас, шен дуьзина, зоьртала дегI а нисдина, йовхарш тоьхна, аз тадира.
– ХIан-xIa, нах, – дийкира цуьнан гIоргIа аз, – эло Эристовс дийцинчух шу кхетта, моьтту суна. Вайнехан кица ду, муьлхха а дов, толам, цхьаннах цIий а оьхуш, вукхунна шура а йогIуш дерзац бохуш. Наха цIий a Ieнoш, шайна шура йан луурш а бу вайна йукъахь. Иза а хир дац. Дера, туркошца тIаме а ма бахана вайнах. Дийнна полк. Цигахь цара даккхий хьуьнарш а ма гайтинa. Кхузахь Нохчмахкахь а, ЧIeбaрлaхь а даьржина зуламан ун хIаллакдеш дакъалаьцнарш а ма бу. Уггар хьалха шун шелахой а, гонахара йарташ а. Амма дукхахболчара моттаргIанаш а лелийна. Церан шалха цІоганаш дара. Цхьаъ – Iедална, важа – Іaьлбагна лестош. Ишттаниш ший цІога а хадийна буьсурий-те? Хаа деза вайна, кIентий, оьрсийн паччахьан Iедало ваьш маьршадаьхнийла. ТIeйуьйхинчу чордачу машин бедарша, гIордазо санна, догIмаш а цоьстуш лелла вай селхана а. Даа дацара вайн, тIедуха дацара вайн, боданeхь дохкура вай. Вайн халкъана серло, ирс дохьуш деанчу паччахьан Ieдaлнa мyьтIахь хила ца лууш, цунна дуьхьало йеш, иттaннaш шерашкахь тIом беш, нийсса ах хIаллакьхилла вайн халкъ. XIинца гой шуна шаьш? ТIeдуха а ду, тIом а бац. Туьканаш йу товарех йуьзна, хIусамаш а го дика. Шена дина дика цахуучунна дина вуон а хуур дац, олуш ду. Цхьаболчу нахана ца хиъна паччахьан Iедало шайна дина дика. Уьш зуламна гIевттина. Россин паччахь, цуьнан Iедал а дохо дагахь! Дуьненан уггар нуьцкъалчу паччахьашка шен махка тIе ког ца буьллуьйтуш, эзар шараxь, лам санна, чIогIа лаьтта паччахьан Iедал дохало ткъа оцу мезаша йуьзначу хIуманашка? И зуламхой паччахьан Iедална дуьхьал гIевттина ма ца Iара. Царна хIун лаьара? Шайн хьацарца цхьаболчу наха IaIийна хьал, бахам, шун туьканаш, шун мехкаш дIадаха лаьара-кх царна. Аш къахьегнарг шайн доладаккха!