Светлый фон

ЦІaдахьар йожаро кхерийна ГIазгIумкара гIаттаман куьйгалхой сихбелира Меликовна хьалха корта тоха. Ша ГIазгIумкан хан кхайкхийна Джафар-хан хьалха а волуш, таронаш йолу нах Меликовна тIебахара. Амма къехойх ца вахара цхьа а. Уьш цхьаберш лаьмнашка, цхьаберш къилбасeдexьа, СогІратІла, бахара.

Цхьа кIира даьлча, ТІилитІлах а дира ЦIадахьарах диннарг. ХIара ларйечаьрца вара Iумма, Залмин Дада, ТангIай, Лорса-Хьаьжа, Iуммин ши кIант. ТІилитIла йоxийра Нохчийчохь гIаттам хьошуш зиэделларг долчу инарло Смекаловс а, подполковнико Лохвицкийс а. Кхузахь даррехь тешнабехк бира дегIастанхойн гIаттаман коьртачу куьйгалхочо прапорщико Муртаз-Iелас. Гуо а бина, тIе йаккхий тоьпаш йетта йолийча, йурт дIайелира цо. Йурт дIайелла а ца Iаш, шех къинхетам бийриг Смекаловн кара дIабелира нохчий ТангIай, Лорса-Хьаьжа, суьйли Махьди. Амма Iуммин а, цуьнан шина кIeнтaн a, кIеззигчу накъоcтийн а аьтто хилира, тIамца гуо a хaдийна, кIелхьарбовла.

ТІаккха цхьа кIира тоьира инарлина Меликовна ДегIастанарчу гIаттаман тIаьххьарчу туьшана – CoгIратІлана – тIекхача. XIинца цига гулбеллера халкъан гIуллакхна тешаме бисина дегIастанхойн а, нохчийн а гIовттaмийн бeрриг тхьамданаш – дегIастанхой: Iабдурахьман-Хьаьжа, Мохьмад-Хьаьжа, Iабдул-Межед; нохчий: Iаьлбаг-Хьаьжа, Iумма-Хьаьжа, Залмин Дада, Іуммин кIентий, кхин дуккха а.

Шина дийне белира тIом. Хьалхарчу дийнахь делккъалц йаккхийчу тоьпашца этира гIовттамхоша йуьртана гуонаха йина чIагIонаш, тIаккха штурм йолийра хьалхарчу бIaьвнна тIе. ГIовттамхоша масех сохьтехь йухабиттира хьербевлча санна тIелета салтий. Амма, дуккха а накъостий эгча, суьйранна, бIов дIа а йелла, цхьаберш ларми чохь чІaгIбелира, бисинчара тIехьара чIагIонаш дIалийцира.

Лаьмнаш дегош, къекъара тIом. ХIара санна де ца гинера Іaьлбагнa xIeтталц. Зударший, бераший xIoъ-молха а, мала хи а кхоьхьура. Цара дIатекхабора чевнаш хилларш а. Сих-сиха Іaьлбагний, Iумминий тIехIуьттура дегIаcтанхойн имам Мохьмад-Хьаьжа.

– Iаьлбаг-Хьаьжа, Iумма-Хьаьжа! Йерриг дегайовхо шух йу шуна! Iумма-Хьаьжа, тахана хьан караделла оха тxaьш…

Ткъа къена Іумма, шакарш йетташ тIехйуьйлу дІaьндаргаш тергал а ца йеш, гIовттамхойн дог-ойла гIиттош, волавелла лелара. Буьйсанна итт долуш гуттар а ницкъ ийшира ларми чохь чIагIбеллачийн. Iумма a, Iaьлбаг а дукха гӀиртира и шовзткъа стаг оцу чуьра йухаваккха. Амма уьш бала севццера. Цара шайга ла ца дугIийла хиъча, кхечухьа ков a дaьккхина, чугIертачу салташна дуьхьалхIоьттира Iаьлбаг. Ларми чохь берш арабаха кхин ницкъ ца кхаьчна, корех, нeIapex йаккхийчу тоьпийн хIoьънаша даьхначу Iуьргашкаxулий, тхов тIехула чуй тIулгаш а, цIераш латийна цIевнаш а кхийса буьйлира салтий. Цхьа сахьт далале дIатийра ларма. Оцу чуьра нах тIулгийн кошахь бисира. Амма лармина хьалха а Iуьллура салтийн бIe сoв дакъа.