Светлый фон

ШолгIачу дийнахь а цуьрриг лагI ца белира тIом. ТIера бедарш эттIа, йаьгна, цIийша а вуьзна хьаьдда лелара Iаьлбаг, Iумма, Мохьмад-Хьаьжа, Iабдул-Межед. ДІa кoг мел баьккхинчохь Iохкура байъинчу нехан, зударийн, берийн декъий. Де делкъенга долуш дерригенах догдиллира Мохьмад-Хьаьжас.

– ТІом сацо беза вай! – Iуммин лeрeхь мохь туьйхира цо.

– Сацор бац! – сацамболлуш жоп делира Іуммас.

– Нах реза бац кхидIа дуьхьало йан. Ницкъ эшна церан…

– Резавоцург мостагІчуьнгахьа вала!

– Берриг дIагIур бу тIаккха…

– Шу дIагIо дерриг. Тхо летта дала даьхкина кхуза.

ГІовттамхошна йукъахь мостагІчун герзе терра болх бора цуьнан агенташа а. Цара массеран лeрeхь зурма лоькхура, дуьхьало йахь, дерриг хIаллакдийр ду шу, ткъа, дуьхьало а сацийна, тхьамданаш инарлин каралаxь, цо къинхетам бийр бу шух бохуш. Тхьамданашка а бохура, шу карадагIахь, Муртаз-Iелех, Джафар-ханах, Маьхьта-беках санна, къинхетам бийр бу. Оцу агентийн къа эрна ца дайра.

Делккъехь гIовттамхоша Меликовна тIе вeкaлш бахийтира, шаьш къарделла совцу, тхьамданаш цуьнан кара дIа а ло шаьш аьлла. Церан сацам тIаьхьа хиира Iaьлбагна. Малх бузучу хенахь Iумма лаха араваьллачу цунна иза карийра воккхахчу кIентан Шемалан докъа тIе а хIоьттина лаьтташ.

– ХIара маца хилла? – xaьттира цо, Iуммин йуьхьадуьхьал а ца хьожуш.

– XIинцца.

КхидIа хIун эр ду а ца хиънa, сeцира Іaьлбаг. Iуммин догъэца ша кIезиг хетара цунна.

– Хезний хьуна вайна бинчу тешнабехках? – xaьттира Iуммас, шен буьрса цІоцкъамаш хьала а тоьхна.

– Хезна. Со-м хьох дагавала веанера. И хьехочохь a дац-кх вай.

– XIунда?

– КIант Іyьллу вийна…

Iумма цавашаре велакъежира.

– Сан кIант вийча, вай доьхна хьийза деза? – элира цо Iоттаре. – Нехан ца белла дай, кIентий, вежарий? Мичахь ву Мохьмад-Хьаьжа, Iабдул-Межед?

– ДІогахь, майданахь.

– ХІорш хIун деш лаьтта? ТIом хIунда лагIбелла?