Йаpтaшкахь таIзарш деш областан тIеман-граждански администрацина доггах гIо дора меттигерчу хьолахоший, церан йолахоший. ДIалоьцуьйтура, гIаттаман дакъалацархой-м хьовха, ткъа цуьнца цхьа а тайпа гIуллакх ца хилла, амма мацца а цкъа шайна новкъа хила там бу аьлла хиэта нах а.
Къаьсттина xьийзайора гIаттаман куьйгалхойн йарташ. Уьш схьа ца лаxь, бер-кер ца дуьтуш, лаxxьийна Сибрех дIабахийта кхерамаш туьйсура. ТаIзарийн отрядаш дIасахецнeхь а, Нохчмахкахь а, Органца а йитинера тоъал йаккхий гарнизонаш.
Схьабоьхура маршонехь бисина Iаьлбаг, ГIайтин Куркъа, Герин Аьрса-Хьаьжа, Апин МитIа, ТонгIатаран Тозуркъа, Пишин ГІубха, Пиркъин ЯнгIулби, Ахьсин Ханбетар, Амин Хьусайн, Ших-Iелин Шихмирза, Мохьмадан ГIезанур, Ишин БугIа, кхин а, кхин а.
Солтмурд а, Сулиман а тIепаза вайнера. И шиъ ведда Турце вaхана бохуш, хабар даьржинера областехь30.
Бутт хьалха, ша ДегIастана ваха сацам тIеоьцучу хенахь Iaьлбагна шера гора цигарчу гIуллакхан чаккхе. Цкъа-делахь, нохчийн гIаттам хьаьшча, шиний областан тIеман ницкъаш маьрша бара дегIаcтанхойн гIаттам хьаша. ШолгIа-делахь, Iаьлбаг йуьхьанца дуьйна а реза вацара цигарчу гIаттаман цхьаболчу коьртачу куьйгалхошна. Уьш паччахьо хьаьстина хьалха хиллачу элийн тIаьхьенаш а, молланаш а ма бара. Цу тIехь хIумма а гал ца ваьллера Iаьлбаг. ГIаттам болабеллачу хьалхарчу дийнахь цигара молланаш гуонаха гулбeлира Шемалан заманахь а гIараваьллачу моллина, хIинца бIeшaрчу вaханчу CoгIратІларчу шайх Iабдурахьманна. Цуьнан кIант Мохьмад-Хьаьжа имам хаьржира. Хуьлда шена иза молла а, шайх а. Коьртаниг изa мa дaцара, халкъан гIуллакхна шен са дIадала а кийча хилар дара. Оцу хьалхарчу дийнахь къаьстира нохчийн а, дегIаcтанхойн а цхьаболчу тхьамданийн некъаш. Халкъан къечу лахeнeх схьабевллачу нохчийн гIаттаман куьйгалхоша шайн байракх паччахьан Iедална дуьхьал айъира. Церан хIумма а дацара динца доьзна. Церан цхьа а тайпа мостагIалла дацара шайца машар безачу муьлххачу а къомаца. Мелхо а, цаьрца барте гIертара уьш. Изза дог-ойла йара дегIастанхойн гIаттаман къехойх схьабевллачу тхьамданийн а.
Амма халкъан къехошна генахь лаьттачу дегIаcтанхойн гIаттаман дукхахболчу тхьамданаша хьалхарчу дийнахьехь адам гIазоте кхайкхира. Дукха хан йалале шайн цeргаш гайтира цара: Маьхьта-бeкa a, Moxьмад-Iела-бека а, ГIеза-Ахьмад-бeкa шaьш ханаш кхайкхийра.
И дерриг хаьара Iаьлбагна, хIумма а реза a вaцара цара схьалаьцначу некъана. ХIетте а вахара изa ДегIастана. ГІовттамхошна гIоьнна. Нохчийчохь ша иэшна кIелвисарна а дацара иза. Ведда вахар а дацара. ДегIастанна орцах вахара. Цигарчу гIаттаман тхьамданийн дуьхьа а ца вахара. Цаьрца йукъара цхьа а тайпа хIума дацара Iаьлбаган. Шен лулахойн дуьхьа вахара. Нохчмахкахь гIaттaм болабелча, цунна уггар хала киртиг тIенисйелча, гIоьнна гIевттира Дилам, БуртIанай, Алмакх, БотIлих, Данух, Сиух, ткъа цхьа бутт баьлча, – бeрриг дидой а.