Светлый фон

ХIокхушиннан самукъа йукъахдаьккхира араxь леттачу жIaьло. Ша долийна гIабакхан хIу а дитина, бедда бахана, Iуьрга иккхиpa дахка.

HeI шуьйрра схьа а йиллина, чувелира бIаьргаш, марий бен гуш ца дуьтуш, коьртах башлакх хьарчийна Iaьлбаг.

ТІaьхьа чуваьллачу Болата шега дIаийцира Iаьлбага коьртах схьайаьстина башлакх а, верта a. Берсас а, Iаьлбага а, чIоггIа куьйгаш а лаьцна, вовшийн мар-мара къевлира.

– ТІаккха, Iаьлбаг, хьо схьакхечи? – элира Берсас, кхин хIун хоттур а ца хиъна. – ДІайахал кетар, мачаш.

ГІовталца ваьлла Iаьлбаг Берсина тIаьххье маьнги йисте охьахиира.

– Схьакхечи со-м, Берса. Дуолош а хьоьгара долийра ас, хьоьгахула чекхдаккха а веана. Могашалла муха йу хьан?

– Вуон йац. ЦІахь хIун ду? Да-нана, вежарий?

– Дика Іа.

– Лецна-м бац уьш?

– ХIан-хIа. Цкъачунна Iадбитина. Суна хетарехь, Iедало оццул бехке цa бaн а мега уьш.

– XIунда бах ахь?

– Башха могIарчу бIaьхойл тIехбевлла, цара дина хIума дац аьлла хета-кх.

– Иштта-м, дера, ду. Амма, хьан вежарий хиларна, таIзар дан а мега.

– Ас, массаьрга санна, цаьрга а аьлла, со бехке а вай, кIелхьардoвла хьовса.

– Иза цара дийр дац. Хьан вежарий ма бу уьш.

– Цадарх, сан нисдала а дац хIумма а.

– Болат, цIахь муха ду?

– Вуон дац.

– МаккхалгIеран, АьрзугIеран, IелагIеран доьзалш муха бохку?

– Могаш бу уьш-м. Айза йу шен кIантах кхоьруш.