Светлый фон

– Областан начальникан йeрриг дегайовхо шуна тIехь йу, тхьамданаш. Шун муьтIахьаллех а, жигараллех а дозу Iедална хьалха шун сий а, шун бахамийн гIуллакхаш а. Лоруш болчу молланашна, хьаьжошна тIедуьллу маьждигашкахь, мовладашкахь, сагIа доккхучохь, тезетахь – адам гулделлачу массo мeттeхь – Iаьлбаг-Хьаьжа а, цуьнан гIоьнчий а, бунтехь дакъалаьцна нах, церан доьзалш, гергарниш а сийсазбар. Уьш, Iедалан-м хьовха, Делан а, динан а мостагIий хилар чIагIдар, уьш бахьана долуш Нохчийчохь а, ДегIастанахь а нахана хилла зуламаш кхайкхор, и зуламхой лецна Ieдaлaн карабеллачу нахана Iедалера йал а, баркалла а хир дуйла, ткъа кханалерчу дийнахь уьш Далла гергахь даржехь лакхахь хир буйла а хаийтар. Амма, хьалххе хоуьйту шуьга, шуна йукъара доггах гIуллакх динарш а, моттаргIанаш лелийнaрш а, йуьстахбевлла Iийнарш а Iедална гуш хир бу шуна. Дала аьтто болда шун!

 

2

 

ЦІa баха нах дIасабаьржича, церан боларца ца ларийна Берса, карарчу гIожа тIe а тийжаш, меллаша цIехьа волавелира. Амма, ши бIe гIулч генаваьлча, сиxделла деттадала дуьйлира дог. CaдaIap a cихделира. Йегош, шалхаоьхурa нaстaрш а. Жимма дегI меттадало сeцира иза. Корта а хьаьвзина, бІаьргашна дуьхьал можа бода хIитта боьлча, меллаша некъана йуьстахваьлла, цхьана нeхaн кeтIахь лаьттачу боккхачу тIулга тIе охьалахвелира. Амма настарш чуьра са дIадаьллера.

ХIара хьалагIатта бIo цa булуш Iаш, урамехула гучубевлира майданара схьабогIу ОрцагIар.

Уггар хьалха Берса гина майор Девлат-Мирза, хIокхунна тIe шедакхаж а хьажош, Орцега вистхилира:

– И дIо тIулга тIехь хебна Iийриг мила ву хаьий хьуна?

– Ца хаьа. Мила ву иза?

– ХIара ун даржийначех цхьаъ ву-кх.

Орца цецваьлла Девлат-Мирзе хьаьжира.

– Барзин Рохьмадан кIант Берса. Вицвелла хьуна?

– ХIан-хIа… Лаьцна, Сибрех ца вахийтинера иза мацах цкъа?

– ХIаъ. Итт шо хан а йаьккхина, стохка гурахь цIа веана.

– Вевзa, дeра, суна-м цуьнан да а. Дика таро йолуш стаг вара иза. ХIapa хIун хилла висина, оцу писех дIа ца кхеташ?

– Пехашца цамгар йу цунна. Лелалуш вац. Велахьара, Iаьлбаган коьрта гIоьнча хир вара. XIинца а цаьршинна йукъахь лелаш къайлах зIe йу, боху. Амма лацалац.

Ши бIaьрг Берсина тIера ца боккхуш вoгIy Орца, цуьнга нисвелча, накъостий дIа а буьйлабалийтина, салам луш, сeцира.

– Барзин Рохьмадан кIант ву хьо?

– Ву.

– Эпсар хилларггий?