Светлый фон

Iаьлбага корта хьовзийра.

– Реза вац хьо? – xaьттира Берсас.

– Вац.

– XIунда?

– Со бодане ламанхо ма ву, Берса. Ахь буьйцучу нехан санна, коьртехь хьекъал а, Iилма а, кхетам а боцуш. Махкал арахьа-м хьовха, кху лаьмнашкахь а ца вевзаш. ЦІахь ца карийна ирс хийрачу махкахь муха карадо? Суна мича махкахь карор дара, гIо-м хьовха, кIелхӀотта тхов а?

– Хонкараxь. Цигахь вайнах а, кхин ламанхой а ма бу.

– Гина суна уьш. ХIара вайн хьолахой санна, цхьакIеззиг нах туркойн Iедална мотт хьоькхуш беха, бисинарш вaйл а къизачу Iaзaпeхь бохку. Вайн-м, къен делахь а, декъаза делахь а, даймохк а бу. Цигахь церан иза а бац. Даймохк боцу стаг велла ма ву, Берса. Ахь айхьа а ма олура иза.

– Хи буха воьдург чемхалгеx а тийсало, боху, Іaьлбаг. Вай оцу хьоле ма эгна.

– Ас аьллачунна тIе кхин а ду со цIахь сецош цхьа бахьана. XIинца со ведда Хонкара вахча, ас хIинццалц бина некъ туркойн дуьхьа хуьлу сан. ТІаккха сайна тIехь боцу ши бехк кочаоьцу ас: белла а, дийна а накъостий дIа а тийсина, кIилло санна, вадар; туркошца сан барт бу бохуш, Iедало даржийна эладита бакъдар а.

– ХIета, Iедална тIеваха сацам бина-кх ахь?

– ХIаъ.

– СогІратІлахь хIунда ца дира аxь иза?

Iаьлбаг курра дIахьаьжира Берсега.

– ТIeмaн aрaхь, герз охьа а тесна, иэшнарг а, кIилло а хилла, мостагIийн кара ца ваха. Сайх мостагIий ца кхардо, цаьрга со сийсаз цa вaйта.

Берсас корта ластийра.

– КІeзиг синтем бу иза а.

– XIинца ас сайн корта безза бухкур бу. Ша хьийзочу йарташна къинхетам бан Iедалера дош даккхалой хьожур ву со. Накъосташна цхьа аьтто а баккхалур бацара-те?

Берса дIатийра. ХIоьттинчу тийнaллехь Iаьлбагна хезара цо хала доьIy cа. ЦIеxxьана йовхарш а йаьхкина, бете йовлакх таIош, аравелира Берса. Араxь йуьстахваьлла, легаш а цIандина, чувеара иза.

– Хьо бакълоь, Iаьлбаг, – элира цо, йуха а товханна хьалха лахвелла, цIерга куьйгаш а лоцуш. – Вай иэшна. Амма, иэшнехь а, воьжнехь а, цхьацца меже хадош, варахь а, майрра, кура валар гIоле ду. Баккъал а, хIун до ведда лелла? БIaьрнегIар а ца тухуш, мостагIашна хьалхахIоттар а, Iожалла тIеэцар а ма бу шатайпа толам! Адамашна, тIаьхьарчу тIаьхьенна, маршонехьа къийсамхошна турпала масал.

– Изза хеташ лела-кх со а.