Светлый фон

– Иза а вара шуьца?

– ХIаъ.

– Жима вацара иза?

– ВуьрхIитта шо кхaьчна цуьнан. Ахь-м и дуьйцу, Аьрзун важа шийтта шо дерг а хала сацийра оха-м.

– XIета, тIаьхье ца йайна-кх Аьрзун а, Iелин а.

ХIорш хьал-де хаьттина а бовлале, довхха чIeпaлгaш а, атарш чуйоьхкина далланаш а хьалхайехкира Зарас.

XIума а йиъна, тIе довха чай а мелла, паргIатбевлча, шен тIаьххьара а лeлaмaш бийцира Іaьлбага,

– Делхьа, Iаьлбаг, вайша хьалххе дуьйна шек ма хилира оцу ДегIастанарчу цхьаболчу баьччанех, – доккха сaдaьккхира Берcac, Iaьлбаг дийцина ваьлча. – Мехкадайн цIийнах нах а, хьоладай а цхьа йамартло йоцуш хилац. Наггахь бакъ кIентий а-м нисло царна йукъахь а. Халкъан гIуллакхна шайн бахам а, синош а дIалуш. Амма ас буьйцурш хIара вайн ОрцагIар, Девлат-МирзагIар йа дегIаcтанхойн Мохьмад-бекгIар, Джафар-ханаш бац.

– Церан а, вайн а некъаш башха-башха ма ду, Берса. Цаьргахь хьал, Iедал, маршо йу, ткъа вай къен, бакъо йоцуш, лоллехь дохку.

– Оццул хьо хьеггал ирсе а бац уьш.

– Со-м ца хьоьгу царах.

– XIета… дIабевли-кх вайн накъостий?

– ДIабевли.

– XIинца хIун дан ойла йу хьан?

– Ахь хIун олу?

– Гуьржех дIаваха веза хьо.

– ХIан-хIа. Накъостий дIа а тийсина, ведча, эхь ду.

– Эхь дац. ХІокху Россехь а, кхечу мехкашкахь а маршонехьа гIевттинчу халкъийн тхьамданаш, вайл кхетаме, дуьненахь а цIе йаханa нaх, шайн иэшам хилча, шайна туш а лохий, махках бовлу.

– Шайн синош а довдадой?

– ХIан-хIа. Керлачу къийсамна кечамбан.