Светлый фон

– XIун хилла?

– Хьийзадо аш тхо. Къинхетам бац шуьгахь. Цхьана Дала кхоьллина цхьа адамаш ма ду вай. ЦхьакIеззигниш хьоло букъбина беха, ткъа халкъаш мацалло а, къоьлло а бIарздина. Тамбовхь а, кхузахь а цхьаъ ду. Массанхьа а. Нийсо а, бакъо а йац цхьаннахьа а. Делах кхерац шу. Дегнех тIулг хилла шун. Дала цхьа бекхам оьцур бу шух.

Со вист ца хилира.

– Уьш дIабухкуш хилларг хаьий хьуна? – xaьттира воккхачу стага. – ГIанта тIе а хIоьттина, къамел дина къона стаг дагавогIий хьуна?

– Iуммин кIант Дадий?

– ХIаъ, хIаъ. Цуьнан пIелгах дашо чIуг хилла йезаро йелла. Шен везарна тешамна йа безамна йоIа чIуг луш гIиллакх ду нохчийн. Цуьнан дакъа ор чу тосуш, и чIуг гина шина чалтачна. ЧIуг схьа ца йаьлла, мел ийзaйарх. ПIeлг бистина ма хилла. ТІаккха цушиннах цхьамма, диг тоьхна пӀелг хадийна, схьайаьккхина иза. Муха хета хьуна адамийн сутаралла? И хиъначу Iедало, хьалхалера бехк тIехь а буьтуш, набахте кхоьссина и шиъ. Цхьаболчара вийна, боху, и шиъ, кхечара, йерриг оьмарна каторге вахийтинa бoхуш а дуьйцу.

Соьгара масех цигаьрка а йаьккхина, баьржинчу шен бажана тIaьхьавахара воккха стаг.

Ткъа со сайн ойланашца цхьа висира…

 

* * *

ХIаъ, къаьхьа дакъа кхочу маршонехьа гIеттинчуьнга. Дуьненан массо махкахь а. XIун хилла маршонна гIевттинчу оьрсийн кIeнтех? Шах Iуьрг а даьккхина, хи чу кхоьссина вийна Болотников. Лобни меттeхь цкъа хьалха межeнaш а йаьхна, тIаьххьара а кортош даьхна Разинан а, Пугачевн а. Къиза хьийзийна, ша-шега вейтира Радищевга. Пхиъ декабрист ирхъоьллира, бисинарш Сибиран каторгашкаxула, кхуза Кавказехула баржийра.

Массо а цецвуьйлу хIокху кхойттанан турпалчу Iожаллех. ХIокху майдана баьхкира уьш, вовшашка лохха къамелаш а деш, забарш а йеш.

Иштта лаьттира уьш кхузахь а, хьалаохка шайн рагI тIекхаччалц. Ткъа Iaьлбага надзирательна тоьхна мийра? Цхьана агIop лаьттачу мундирашка цо дера кхарстийна бIaьрг? Халкъан турпалчу иллица цо тIаьххьара садаIар? Къоначу Дадин къамел! Моьттур дара, иза цхьана банкетeхь дош олуш ву. Ткъа къеначу Iуммас инарла Чермоевн йуьхьадуьхьал тоьхна оьгIазе дешнаш, лечу минoтeхь цуьнан йуьхьа тIехь дисина цавашаре велар?

XIун дара-те царна и собар, къонахалла, ницкъ белларг?

ХІокху кхойттаммо къизаллин а, оьздабацарийн а лараш ца йитина шайна тIаьхьа. Оцу дийнахь церан бакъо йара майрра муьлххачу а халкъан бIаьра хьовса: уьш халкъан маршонeхьа гIевттинера, цара шаьш ма-аллара, цхьана а машаречу, бехкбоцчу адаман са цa дaьккхира, цхьа а сийсаз ца винера. Бакъонан гIуллакхна гIевттина уьш, цхьа тIадам а эхьан томмагIа доцучу оцу халачу некъахула чекх а бевлла, шайн синошца цIена болуш xIyьттура тангIалкхашна кIел.