* * *
ХІокху ламанхойх лаьцна цхьа болх йазбан гIерта со. Цунах дийцар йа очерк эр, хаац. Цунна цхьацца материалаш эшна, йуха а Нохчийчу веана со.
Сайн болх селхана дуьххьара ас болийра Грозныйн округан канцелярехь.
Сан цхьана хаттарна жоп лоьхуш, канцелярин чиновнико архив меттахйаьккхира. Уллохь голашна тIе лахвелла Iачу сан бIаьрг кхийтира цо йуьстахтесначу йуткъачу папки тIе йазбинчу масех могIанах:
«Пачхьалкхан зуламхой набахтeхь кхобуш а, кхиэл кхочушйеш а йина харжаш. 1878 шо».
Ларамаза папка схьа а эцна, йуккъерчу кехаташка хьежа xIоьттира со. Цхьа а хIара йу аьлла хIума йацара. ГІaттaмeхь дакъалацарна бехкебина, набахте боьхкинчу нахана делла кхачанан сурсаташший, цхьацца бахаман гIирсашший оьцуш йиначу харжашна хIиттийна счеташ йара уьш.
Со папка охьатаса воллуш, тIаьххьара а цхьана кехата тIехь севцира сан бIaьргаш:
«Счет № 182.
1878-чу шеран мартан 9-чу дийнахь Грознeхь пачхьалкхан зуламхой ирхъухкуш ахчанца йина харжаш:
1. Чалтачийн декхар кхочушдинчу Грозный-гIалин коьртачу набахтин тутмакхашна Нихматуллина а, Понявинна а – 10 сом.
2. ТангIалкхаш хIиттийначу дечиг-пхьерашна – 5 сом.
3. Каш дaьккхинчарна – 5 сом.
4. Муьшана, хьостамашна, сабанна – 9 сом.
5. Марчонна а, кхойтта тIоьрмигна а – 3 сом.
6. ГІоьмеш дIайаьхначy aьчка-пхьерашна – 2 сом 25 кеп.
7. Полицейскийшна – 3 сом.
8. Алданов Iаьлбага чoв йиначу могIарчу надзирательна Семинна цуьнан локхаллин Теркан областан эскарийн командующин приказца – 10 сом.
Дерриг – 47 сом 25 кеп.
Грозный-гIалин плац-майор (куьг).