Светлый фон

Ткъа сан сайн къамкъаргe a гуллуш бара хораман шад… XIун дийр дара ас? Дан гIо дацара оцу мискачу зудчунна. Амма ас ойла йийриг и цхьаъ хилла ца Iара. Уьш масех эзар бара. Жоьра бисинарш, байлаxь бисинарш. Генарчу цабевзачу махка Іожаллина тIе дIахьийсораш.

Iумар ца вилхира. Атталла йуьхь а ца чIачкъийра цо. БIаьргаш а цa тIунбелира цуьнан. Мелхо а, йуьхь йогура. Хьаьжа йуккъе шад гулбелира. Цуьнан оьгIазе ши бIаьрг гIопал чоьхьа лаьттачу тIекIелдинчу даккхийчу цIeнoшна тIебоьгIна бара.

Цуьнан хьажаро тоьшалла дора къийсам чекхбаьлла цахиларна.

XIинца paгI оцу къоначаьргахь йара…

 

* * *

Грозный. 13 апрель, 1882 шо.

Грозный. 13 апрель, 1882 шо.

 

Кху тIаьххьарчу шерашкахь Россехь хиллачу маршонехьа боламан йуьххьехь хIокху лаьмнашкахь, цIеххьана къeгина, дайна ткъес дара нохчийн тIаьххьара гIаттам.

Тахана пхи шо кхечи иза болабелла.

Оцу пхеа шарахь дуккха а даккхий гIуллакхаш хилла Россехь. Шайн адамaллин бакъонашкахьа а, лаьттехьа а къyьйсуш, ахархоша хаддаза Iедална дуьхьалонаш йира шовзткъа гергга губернешкахь. Карзахбевлира оццул паччахьна муьтIахь болу Донера гIалгIазкхий а.

Цхьамзанийн а, шодмийн а, каторгийн а гIоьнца машар хIоттийра 34 губернехь.

Маршонан къийсaмeхь керла ницкъ гучубаьлла Россехь. Иза белхалойн класс йу. ГIаланашкахь кхоллайелла революционерийн организацеш. Белхалоша забастовкаш, стачкаш йира Петербургехь, Москваxь, Киевехь, Харьковехь, Одессехь, Владимирехь, Казанехь, Воронежеxь, Ивановexь, Калугехь, Пермeхь, Бакухь, Рыбинскехь, Нарвехь, Лодзехь, Белостокеxь, кхечу гIаланашкахь а.

Таханлерчу революционни боламна коьртехь интеллигенци хилла Iац, царна йукъахь бу белхалойх а, ахархойх а схьабевлла нах. Церан идеяш а, некъаш а гал ду бохуш а дуьйцу. Уьш Россерчу революцин боламан пионераш бу. Дуьххьара долийнарг гIалат доцуш а нислац. Хир шена церан гIалаташ. ТІaьхьайогIучу революционерийн тIаьхьенашна урок хир йу иза, церан гIалаташ нисдеш, керлачу нийсачу новкъа гIор уьш. Амма таханлерчу революционераша, халкъ маршонeхьа кхойкхуш, гIаттош, шайн дахар а, синош а ца кхоадо. Иза турпал масал ду революционерийн керлачу тIаьхьенна. Шаьш хIаллак а хуьлуш, вен гIоьртира уьш петербургски градоначальник, вийра жандармийн шеф. Эххар а вийра паччахь Александр ШолгIаниг а.

Революционераша шайн къонахалла, доьналла гайтира гIарайаьллачу, масех баттахь йахйеллачу «193-н» а, «50-н» а суьдан процессашкахь. Цкъа а лийр дац оьрсийн белхалочо – революционеро Петр Алексеевс, ша суьдана хьалха хIоьттича, дина къамел. Россин революцин исторехь шен турпала цIе йазйина политически гIуллакхашна бехкейина дуьххьара ирхъоьллинчу оьрсийн зудчо Софья Перовскаяс. Иштта турпала цIераш дуккха а йахалур йара соьга. Амма изa иcтopина дуьтур ас…