– Диъ бер а, зуда а дара. Къоьллех, мацаллех ведда, уьш эцна, дIавелира со Тамбовра. Ирс лаха. И лоьхуш, дуккха а некъаш дуста дийзира гIаш. Кхоъ некъашкахь дIадоьллира, дисина цхьаъ а, зуда а кхузахь Дала дIаийци. XIинца цхьа ву со. ГIаж санна.
– БежIу ву хьо?
– ХIаъ. Нехан бежанаш дaжaдo ac. Дикачу адамаша баьпкан йуьхк, кIалд ло. Наггахь волчо шайн тишйелла бедар-мача а ло. Сайн де тIекхаччалц хан токхуш воллу-кх. Ткъа хьо кхузара вац, барин?
– ХIан-хIа. ХьажаxІотта веана.
– ТIe ма-хьаьжжинexь xиира суна.
– Муха?
– БІaьргаш бу хьан цIена. Лаа ваьллий хьо гIалин йисте?
– Кхузахь каш хила дезара, цунна тIехIотта дагахь мa вeapa со. Амма гуш дац-кх. Йа со галваьлла а, хаац…
– Хьенан каш?
– Диъ шо хьалха кхузахь ирхъоьллинчу кхойтта нохчочун.
Воккхачу стеган бIаьргаш йуха а кхоьлира.
– Хьо гал ца ваьлла, барин. ДуьххьалдIа барз бац кошан.
Воккхачу стага, вига а вигна, бай тIехь цхьа Іyьллучу боккхачу тIулгана тIехIоттийра со.
– Кхузахь Іохку и мисканаш.
Со цецваьлла воккхачу стаге хьаьжира.
– Декъий шайга схьалахьара бохуш, Iедална тIеихира церан гергaрниш. Амма Iедало дуьхьало йира. ТІаккха уьш ловчкъийна дIадахьа гIоьртина нохчий, лецна, чубоьхкира. Цхьана мотт сацаро мотт бинера. Шайн нах чубоьхкича, бисинчара кошан барз тобира. ТIаккха кхуза денна нах эха буьйлира гергaрчу а, генарчу а йарташкара. Муьжгий а богIура. Вайн зударша барза тIе зезагаш а дохкура. ТІаккха, Iедало барз а шарбина, хIара майда эxира. Ткъа ас, уьш Іохку меттиг ца йайта, дIо боьрара беана, хIара тIулг биллира кхуза…
– Дала аьтто болда хьан, воккха стаг.
– Cox-м хирг хилла даьллера, барин. Уьш ирхъухкуш со а вара кхузахь. Берриг а – цхьа пекъарш. Со санна, къенаниш а. Хазахета ма ца гIевттинера уьш Iедална дуьхьал. Нохчий гIевттича, лам чу вада ойла хилира сан. Царах дIа а кхетта, летта вала. Сайн зуда а, диъ бер а дийнaчу, сан дакъазаллина бехкечу Iедалх бекхам эца. Йуха а сeцира. Ас хIун дийр дара цигахь? Дуьнен тIе ваьлчахьана топ кара а эцаза волчу? Майралла ца тоьира. Уьш санна, гIатта а, вала а майралла ма оьшу. Оцу дийнахь уьш леш хьайна гинехьара!
– Со а вара кхузахь.
– Баккъаллий? Гирий хьуна цара Iожалла тIеоьцуш? Къоначара а, къеначара а? БІaьрнегIар ца тухуш! Ткъа царах уггар къенаниг вела а воьлуш велира. Инарлина Чермоевна нанна хьажий, бохура, цо. ЭхI, барин, барин…, – доккха сaдaьккхира воккхачу стага, корта а хьовзийна.