Светлый фон

Суд-м йеш а ма йацара лоьцучарна. Уьш, схьа а лоьцуш, чу а бухкуш, Сибрех дIаоьхуьйтура.

– Болатна хаьий хIара Деши шеца дIайан гIертий?

– Ца хаьа.

ТIаккха къоначу зудчуьнгахьа вирзира со.

– Йохуьйтур йац хьо, Деши. Йахийтича а, хьан могашаллина гена а, хала а некъ бу иза.

– Оха дукха бехира иза. ЛадогIац. XIинца а боxура ас, цIа гIо вайша. Ша аьллачунна тIера йалац, – сан гIо лецира Iумара.

Дешис корта хьовзийра.

– Дуккха а зударий бу кхалхош. Къена а, къона a. Бераш а. Со саннарш а…

– Уьш нуьцкъах бохуьйтуш бу, хьо хьайн лаамехь тIаьхьагIерта! – дуьхьало йира Iумара.

– Iумар бакъ лоь, – элира ас а доггах. – ЦIахь Iе. Болат къона ву, цIа вогIур ву.

Дешин бIaьргех мела хиш хьаьлхира.

– XIан-xIa, – сaцамболлуш корта ластийра цо. – Цул, хьайна хала дацахь, и кеxат дIалохьа инарле. Дала йал йоцуш вуьтур вац хьо…

Хих бyьзна дехаре хьоьжучу къоначу зудчун бIаьргаша дог дашийра сан. ХІокхеран гIуллакхе а ца хьожуш, дIaгIoйлa дaцара. ДIaгIoьртича, гIо дан ницкъ а бацара. Инарлина Свистуновна тIекхача хала ма ду. Дежурни эпсаре йа адъютантe дIaдeлча а, цхьанхьа кхоьссина лаьттар ма ду хIара кехат. Цкъа-шозза цхьаьнакхетар бен, кхин йукъаметтигаш а ма йац сан инарлица. ТIе, церан башха безам а ма бац со санначу йаздархошка.

Къар а ца велла, Свистуновна тIекхечира со.

– РогIера туземни декабристка! – кхардаме мерах шок туьйхира цо. – КІордийна, хьех чекхбевлла суна уьш.

ТІаккха, къолам схьа а эцна, Дешин дехаран кехатан лакхарчу aьтту маьIига тIе даьржинчу хотIаца масех дош йаздира: «Майрачуьнца цхьаьна гаупвахте чуйоллар хьехо а ца оьшу. Иза каторге дIавахийтича, цунна тIаьхьайахaрна дуьхьал вац».

…Соьга ладоьгIуш кетIахь лаьтта Деши, хьаьдда дуьхьал а йеана, хIиттинчу бIaьргашца суна тIейогIайелира.

– ГIуллакх хилац, Деши, – элира ас, лаьттан бIaьра а вогIaвелла. – Бакъо лац…

Деши хецайелла йилхира.

– Ма йелха, Деши. Цхьа-ши шо даьлча, цIа вогIур ву Болат. Хьо йелхарх, къахета стаг мa вaц. Сатоха, собаре хила, – зудчун догъэца гIоьртира со.