Светлый фон

Амма и хан биллина дIа кийрахь ша болуш йаьккхира цо. Цхьана aгIop, Iедало сагатдора цуьнан, вукху aгIop, ЗеламхагIеран мостагIаша шен кIантана бохам барна кхоьрура. Оцу сингаттамаша хеназа къанйина, къежйина, IаддаргIа санна, букар хьаьвзинера иза. И дерриг а дика хуучу Зеламхас, цуьнан декъазчу кхолламна ша бехке хеташ, пханарш тIе а хевшина, бакъабеллачу букъах а, сирбеллачу цуьнан коьртах а, вист а ца хуьлуш, дай куьг хьоькхура. БархI шо хьалха Зеламхел дукха йоккха ца хеташ, дуьзна, куьце дегI долуш, тIахъаьлла зуда ма йара иза.

Ткъа Бийсолта, садукъо санна, къамкъаргехула хьалагIерта къаьхьа шад а, бIаьргаш Iийжош схьагIерта бIаьрхиш а сецош, цаьршинга а хьоьжуш, вист ца хуьлуш, йуьстах лаьттара. Масех минотехь йилхина, шен дог а Iабийна, кийра а бассийна, Зеламха цIа чу вигира Билкъиса.

Зеламхина сискал а, хьонкех бина жахар а баийна, тIаккха Дудниковс йуьртахь динарг дийцира Билкъиса. Шена тIе а кхойкхуш, цхьацца чу а вуьгуш, йуьртара боьрша нах лебира начальнико. Зеламха а, цуьнан доьзал а болу меттиг аш ца йийцахь, ша йурт йагор йу бохуш, царна кхерамаш а туьйсуш. Лебинчара, шаьш уьш болу меттиг ца йийцира бохуш, чIагIонаш йора. ГIалгIайн махкахь, Iасса- хин лакхенгахь, цхьанхьа лаьмнашкахь бу бохуш хазар бен, цхьанна а ца хаьара уьш болу меттиг. Хьанна хаьа, цхьаъ айкх валаза Iийна хир ма вац. Адамех а тешам бац хIокху хьеречу заманахь.

МаьркIажан ламаз а дина, шен карахь долу ахча Билкъисе а делла, дIаваха кечвеллачу Зеламхех хьаьрчира Бийсолта:

– Ваши, хьайца дIавигахьа со…

Цецваьлла а, воьхна а хьаьвзира Зеламха. ПхуьйтталгIа шо доладеллехь а, иза хIинца а бер дара.

– ГIуллакх хир дац цунах, Бийсолта.

– ХIунда?

– Цкъа-делахь, хьо жима ву. Ткъа сан дахар, дийцалур доцуш, Iаламат хала ду. Цхьа минот а, цхьа гIулч а тешаме йоцуш. ДIа ког мел баьккхинчохь – йамартлонаш, кIелонаш. Набарза буьйсанаш. Мацвелча, баа кхача боцуш, хьагвелча мала хи доцуш де-буьйса такха дезаш меттигаш дукха нисло. Хьо хIинца а бер ду, хьоьга лалур йац и халонаш. ШолгIа-делахь, хьан нана къанйелла, хьо воцург тIетовжа верас вац цуьнан.

– Цуьнан вежарий, йижарий бу, ваша. Хьо цхьаъ бен, сан йиша-ваша а дац. Кхин хуьлийла а дац. Муслимат, Энист, Мохьмад, Лом-Iела, Iумар-Iела ларбан хьуна накъост веза. Наггахь бен хьо цаьрца ца хуьлу. Бецина а, Зезагна а гIоьнча оьшу. Со жима вац, ваша, сан пхуьйтталгIа шо ду. Баба реза йу со хьоьца дIаваийта…

Зеламха дестечуьнга хьаьжира.

– Шуьшиннан барт хилахь, со дуьхьал йац. Бийсолтин пхуьйтталгIа шо ду. Пхийтта шо дуьзча, иза ларван стаг вац кхузахь…