Светлый фон

Нагахь санна аьтто нислахь, Зеламха схьалацар, иза ца лацалахь, цуьнан доьзал йийсаре лацар массерачул а хьалха шен декхар хетара Дудниковна. Амма лаьмнашка и кхераме экспедици йан тIеман ницкъ бацара цуьнан. Ведана-гIопехь салтийн рота а, ах бIе стражник а вара. Салтийн рота цигара дIайаьккхича, гIап йерзина йуьсура. Цу тIе, цхьана ротица лаьмнийн кIоргене ваха Iаламат кхераме а дара. Областан начальникан гIоьнче, эла Орбелиане, шен къайле а йийцина, Iассан лакхенга экспедици йан шена гIo дийхира Дудниковс. Таллархойн ханна отряд Вербицкийн куьйгалли кIел йу, цунна омра дала шен бакъо йац, цуьнца айхьа барт бехьа, элира Орбелианис.

БуритIахь ресторанехь делкъе йеш шаьшшиъ цхьаьнакхетча, Вербицкийга шен бала балхийра Дудниковс.

– Суна цхьанна хаьа Зеламхин доьзал болу меттиг. Амма цига экспедици йан тIеман ницкъ бац сан…

– Мел салтий бу хьан гарнизонехь?

– Цхьа рота.

– Ахь схьалеца безарш пхийтта шо кхачаза кхиазхо а, ши зуда а, йалх бер а бен дуй?

– Дац. Йерриг а рота гIопера дIайуьгийла ма дац сан. Ах рота-м йуьгур а йара.

– ХIета хьуна, ахь дийцарехь, полк йеза.

– Зеламха а, цуьнан гIepa а схьалаца суна рота салтий шортта тоьур бара, Григорий Николаевич. Уьш тIеман низамца дуьхь-дуьхьал а хIиттина, леташ хилча. Ткъа церан тактика а, стратеги а хьуна дика ма йевза. Экспедицехь дакъалоцуш алссам тIеман ницкъаш суна безаран шатайпа мaьIнa ду. Зеламхина а, цуьнан гIеранна а гIo деш болу бахархой кхеро оьшу суна уьш. Со кхетарехь, хIара операци вайн массеран а йукъара декхар а, йукъара гIуллакх а ду, Григорий Николаевич. Iассан лакхенга операци йеш цхьаьнакхета вайша? Сан ах рота салтий, хьан – рота салтий а, гIалагIазкхийн бIо а. Операци тIехь куьйгалла ахь дийр ду. Суна хастам ца оьшу. Коьртаниг операци кхиамца чекхйалар ду.

Вербицкийс дукха ойла ца йира. ХIара капитан Дала ваийтинера цунна. Экспедици кхиамца чекхйаларан гIуллакх шеконехь ду. Экспедицина коьрте Вербицкий хIоьттича, эшаман жоьпалла цунна тIехь дуьсу. Дудниковна гIo дича, Вербицкий шен декхар кхочушдинарг хир ву. Экспедицин кхиамаш хилахь, хастам а цунна, Вербицкийна, буьсу. Амма иза шеконехь ду. ТIе, ши отряд цхьаьнатоьхча, эпсарийн барт а хир бац. Йазделларг хир цунах. Вербицкий оцу зIуганийн бена а ца воьдуш, хаза гIуллакх хир ду цунах!

– Ас рота салтий а, гIалагIазкхийн бIо а лур бу хьуна, капитан, – элира цо, шена дегаза ду а моттуьйтуш. – Куьйгалла сайна тIелоцур дац. Сан декхарш, болх дукха а, хан кIезиг а йу. Хьуна гIоьнна сайн отрядера уггар дика кхо эпсар а лур ву. Сан гIоьнча Григорчук а, подъесаулаш Медяник а, Вертепов а.