Шина цIа чуьра цIеххьана схьатоьхначу тоьпаша масех салти а, гIалагIазкхи а вожийра. Оцу шина цIенна тIе масех минотехь пулеметаш а йиттина, гIишлошна, дитташна тIехьа а лечкъаш, уьдуш, текхаш, тIебаха гIоьртира салтий. Амма цIенош чуьра схьа нийса йеттачу тоьпаша уьш улло ца буьтура.
КIотара чу а ца воьдуш, йисттехь, комарийн къеначу дитта кIел тергаман меттиг а лаьцна, цигара дIа операцина тIехь куьйгалла дора Дудниковс. Агенташа шега дийцина Зеламха тIевуссуш долу цIа муьлха ду, ца хаьара цунна. Лаьцна цхьа гIалгIа шена тIе а валавайтина, цуьнга иза дийцийтира цо. Чуьра схьа герз деттачу шиннах цхьаъ хиллера иза.
Ломан басешкахь, гаттийчу, гомачу урамашкахь говраш тIехь лела хала а, кхераме а хиларна, гIалагIазкхаша шайн говраш, кIотарна йисте а йигна, кертех дIа а йихкина, уьш ларйан ши гIалагIазкхи хIоттийра. Цхьана цIа чуьра схьадетта герз сецча, гIаш бевллачу гIалагIазкхашца цунна го бира Григорчука. ЦIа чуьра схьа герз тухий хьовса корашкахула чу тоьпаш йиттира цара. Амма цIа чуьра схьа топ ца туьйхира. Григорчука ойла йора: «Къайллах арабевлла, бахана-те уьш? Йа байъина-те? Йа патармаш кхачийна-те? Йа цхьана хIилланна дIатийна-те?» Дикка ойла йинчул тIаьхьа цунна дагадеара кхузарчу бахархойх цхьа-шиъ цIа чу вахийта. Сихха ваханчу гIалагIазкхичо луларчу цIеношкара воккха стаг а, зуда а далийра. Нохчийн мотт хуучу гIалагIазкхичун гIоьнца оцу шинга омра дира Григорчука:
– ЦIа чохь дийна нах буй, хьовса. Дийна бацахь, церан герз схьада, – Iуьттуш-тоттуш, и шиъ цIа чу дахийтира цара.
Воккха стаг сихха аравелира.
– Вийна кхо стаг Iуьллу цIа чохь, – элира цо.
ТIаьххье, Iадийна, мохь хьоькхуш араиккхира зуда.
– Вай, орцах довлийша! Сан кIант вийна хIокху Делан мостагIаша!
ТIаккха, куьйгийн пIелгаш даржийна Григорчукана тIе а кхетта, цхьана куьйга цуьнан коьрта тIера йеха месаш ийзош, вукху куьйга йуьхьах мIараш тийса йуьйлира.
– ДIадала, йешап! – мохь оьхура Григорчукан.
Цунна гIоьнна веара цхьа гIалагIазкхи. Амма зудчо Григорчук дIа ца хоьцура.
– Коьртах хIyмa тоха цунна! – омра дира Григорчука.
Зоьрталчу гIалагIазкхичо, варзап санна, боккха буй коьртах а тоьхна, охьайожийра йоккха стаг. Цо мIapaш тийсина йеринчу шен йуьхьах куьг хьаькхира Григорчука.
– НеIалт хуьлда хьо йешапна! – синкхетамах йаьлла Iуьллучу зудчунна чоьже мийра туьйхира цо.
Морзгалша къарзйина Григорчукан йуьхь кхин тIе а эрчайаьккхинера зудчо.
Воккхачу стага цIа чохь дийна стаг вац бахахь а, ларвалар эрна ца хетта, шел хьалха ши гIалагIазкхи чухьажийра Григорчука. Хьалхарчо неIсагIех чоьхьа ког ма-баьккхинехь, цIа чохь топ йелира. Шен карара топ дIа а хецна, шинне куьйга гай а лаьцна, шалха а вахана, цкъа голаш тIе охьа а лахвелла, тIаккха ша волччохь дIахаьрцира гIалагIазкхи. ТIаьхьарчо цIа чу топ туьйхира.