– Ткъа газет тIехь соьга и кхайкхам хIунда бина оцу зуьдо?
– Ша зуд долу дела. Уггар хьалха – хьо сийсазван, бехван, адамийн хьох безам баккха, цабезам кхолла. ШолгIа, Iедална а, адамашна а хьалха ша майра стаг, къонах хила, шен цIе хастаме йаккхийта. КхозлагIа, хьо оьгIаз а вахийтина, собарх а вохийна, хьоьгара гIалат а далийтина, хьо хIаллакван. Кхин Iалашонаш а хир йу оцу мекарчу цхьогалан.
– Сох лата ца вагIахь, шена кIилло аларна ца кхоьру иза?
– ХIан-xIa. Цунна эзар бахьана карор ду шен дош йухаэца, кIелхьарвала.
Деналбекан хIусамера дог доьхна дIавахара Зеламха. Ма тамашийна ду хIара паччахьан Iедал. Кхин а тамашийна – кхуьнан хьаькамаш. Къиза. Стешха. Йамарт. Зеламхас, шена маршо йоьхуш, кехат йаздинера областан сардале. Ахь Iедална а, адамашна а даккхий зуламаш дина, Iедалан законашца хьуна луьра таIзар догIу, цунах кIелхьарвала цхьа а некъ бац хьуна, паччахьан къинхетаме дог дохийла йац хьан аьлла, жоп делира сардала. Масех бутт хьалха Пачхьалкхан Думе кехат йаздира цо, ша обарг валаран а, шен доьзална хиллачу бохамийн а бахьанаш дуьйцуш, ша хIокху исс шарахь бина хала некъ а, кхузарчу Iедало шена а, нохчийн халкъана а тIехь йина харцонаш а йуьйцуш, шена маршо йоьхуш, ша бахьана долуш лецна, Сибрех бахийтина бехк-гуьнахь доцу адамаш даймахка цIадерзор доьхуш. Оцу дехарна а жоп ца делира. Цхьана газето и кехат зорба тоьхна бохуш, хезнера Зеламхина.
ХIинца цунна тIаьхьа талла чагIалкхийн арданг хецна. Масех эзар салти а, гIалагIазкхи а. Иза вен. Цуьнан накъостий байа. Цуьнан доьзал схьалаца. Иза Сибрех бахийта. Бехк-гуьнахь а доцу эзарнаш адамаш махкахдаха. Йарташ йохо, йаго, тало. Ткъа цхьанххьара а орца дац гуш. Цхьа Дела воцчуьнгара, орца хир дац цунна. Цо гIо дийр ду Зеламхина мостагIашца къийса, царах бекхам эца. Ницкъболчу Делан гIоьнца Зеламхас бекхам оьцур бу оцу Делан мостагIех. Уггар хьалха оцу Вербицкий бохучу стешхачу зуьдах…
2
Вербицкийн кехат зорба тоьхнера черносотенни «Теркан ведомосташ» газето. Зеламхин кехат оцу газето зорба тухур ду бохучуьнга дог дохийла а йацара. Цундела хIетахь мелла а либерале долчу «Терк» газете дахьийтира Деналбека Зеламхин кехат. Революци хьаьшначул тIаьхьа йерриг а Россехь карзахйаьллера реакци. Жимма а демократин хьежамаш болчу газето Iедалан политикина дуьхьал, халкъехьа гIо доккхуш дош аьлча, иза дIaкъовлура йа лан ца даллал гIуда тухура. Цундела, шена мел чIогIа лаахь а, «Терк» ца хIоьттира Зеламхин кехат зорбане даккха. Амма цо шен ницкъ кхочург дира. И кехат Вербицкийга дIакхачийра.
Областехь низам хIотто ша кхуза кхайкхича, Вербицкий догцIенна тешна вара шен ницкъах а, хьекъалх а, Пятигорски отделехь революци хьошуш а, ДегIастанахь обаргашна тIаьхьа толлуш а, шена зеделлачух а. Цундела цо сацам бинера хьаннашкахь гIa далале, йа вуьшта аьлча, апрель баттахь обаргашца дерг кхузахь чекхдаккха.