Светлый фон

Оцу тIехь барт хилира шина эпсаран.

 

4

 

Тарски станицехь цхьаьнакхетта Дудниковн а, Григорчукан а ши отряд май беттан бархIалгIачу дийнахь Iасса-хин чIожахула хьала, къилбехьа, Борахчу-лома новкъа йелира.

Станицехь дууш-молуш, кхаа дийнахь сакъийрина гIалагIазкхий а, салтий а лозучу кортошна дарбанна а, шайна хьошалла лелийначу станичникийн могашаллина а тIера Iуьйранна чIагIар а мелла, дика самукъане бара. Шишша цхьаьна а хIоьттина, беха мoгIa бина богIучу гIалагIазкхаша, станицел арабевлча, йир йолийра. Ткъа гихь маххьаш долу салтий хIинцале а хьацар даьлла, кхоьруш, цеце гондIа бIаьрг а бетташ, царна тIаьхьа богIура. Отрядера эпсарш, говрашкахь шишша цхьаьна а хIоьттина, вовшашца лохха къамелаш деш, забарш йеш боьлуш а хьалха боьлхура.

Кхузара мохк Iаламо кхелина хан йара xIapa. Хьалха дIахьаьжча, баххьашна тIехь ло долуш, тIе мархаш хьаьрчина лекха лаьмнаш гора. Герггахь, церан когашкахь, – баьццара хьаннаш. Некъана шиний aгIop хьаьрмаш тIехь дежара даьхни. Некъан йистошца – бес-бесарчу зeзaгaша кхелина аренаш, зазаша къарзйина хьаннаш. Кхаш тIехь хьаьжкIашна асар доккху бахархой, отряд гучуйаьлча, болх йукъах а боккхий, некъана гена бовлура. Ворданахь вогIург а старана сараг бетташ, хьуьна чохь йа кхаш тIехь къайлавала гIуртура. Мухха делахь а, некъаца коьллашкара олхазарш а дIауьдура, отряд гepгa гIоьртича.

Станицина масех чаккхарма генайаьлча, шен «болх» дIаболийра отрядо. Урядник Тонкогубов коьртехь а волуш, ши-кхо чаккхарма хьалха йоьду разведкин жима разъезд варшахь, некъо голатуххучохь, цхьана гIалгIачунна тIеIоттайелира. Йуккъерчу дегIахь, йехо йуьхь, лекха хьаж, хаза тодина Iаьржа, дуткъий мекхаш долуш, ткъе пхи шо хенара жима стаг вара иза. Коьртахь Iаьржачу холхазан лоха куй, боьмашчу машийн чорда чоа, йукъах дихкина кхелина шаьлта а, доьхка а, aгIoн тIехь хумпIар чохь револьвер а йара цуьнан. Пхеа гIалагIазкхичо, гo а бина, тIе тоьпаш а лаьцна, герз схьадийхира цуьнга.

Къоначу гIалгIачун коьртехь цхьана минотана ойла хьаьвзира. Иза Сурхохера вара, Экажеве ловзарга воьдуш. Шаьлта-м дIалур йара цо, иза-м цуьнан шен йара. Амма тапча цуьнан йацара. Ловзарга воьдуш, доттагIчуьнгара йехна йаьккхинера цо иза. ГIалагIазкхашка тапча дIайелча, доккха эхь догIу цунна тIе. ТIаккха ловзаргахь, синкъерамехь, шовданан коьртехь, пхьоьханахь нахана йукъавийла, мехкаршна хьалха хIуьттийла хир дац цуьнан. Дуьхьал схьа ца алахь а, xIapa сийсазвеш, тIаьхьашха хабарш дуьйцур ду. Нахана йукъахь, аз айдеш, дош ала бакъо а хир йац. И эхь тIелоцучул, кхузахь валар гIоли йу цунна. XIapa Делан мостагIий пхиъ ву, ткъа цуьнан тапчи чохь вopхI патарма бу. Велург вийна, варша иккхича, кIелхьарвер ву иза. Хьалха тIетоха погонаш тIехь билгало йepг къастийра цо.