Светлый фон

Тховса самукъане вара атаман. Кхаа эпсарца кехатех ловзуш, массо а болехь кехат дика долура цуьнан. Ларамаза тIекIелкхийсинчу кехатийн ахчанийн оьла йара цунна хьалха. Стоьла тIехь хIоттийна бокала чохь, суйнаш туьйсуш ловзуш, шампански чагIар а, схьадиллинчу даточу гIутакх чохь уггар дика цигаьркаш а йара. Уллохула дIасабовлучу мехкаршка бегаше дешнаш а кхуьйсура цо. Цхьаболу эпсарш, уллохь совций, къамеле бовлура цуьнца.

– ТIаккха, господин атаман, хьан кехатана жоп деллий Зеламхас?

– Делла.

– Шуьшиъ маца лета?

– Цкъа а.

– ХIунда?

– Шозза вахана со цо йиллинчу меттиге. Цхьана минотана а тIаьхьа ца вуьсуш. И кIилло ца йеара цига!

– Тамашийна хIyмa ду-кх иза! ХIинццалц схьа шен дош кхочушдина цо…

– Кхузахь цецвала хIумма а дац, господа. Шуна и Зеламха турпал ву моьттура, ткъа иза, ас цуьнга дIа ма-аллара, кIилло баба йу.

Ша и аьшпаш буьттуш, цуьрриг а йуьхь а ца цIийлора Вербицкийн.

 

3

 

Вербицкийн отрядана хьалха хIоттийна коьрта Iалашо Зеламха а, цуьнан обаргаш а схьалецар йа хIаллакбар, Зеламхин доьзал йийсаре балор йара. Амма цхьанна а ца хаьара, Зеламхин доьзал мичахь бу. Iacca-хин лакхенца, лаьмнашкахь бу, олура агенташа. Ткъа и лаьмнаш мел дукха ду цигахь. Лекха а, лоха а. Даккхийнаш а, кегийнаш а. Хьаннаша дукъдина а, баххьаш тIера цкъа а ло, ша дIа ца болуш а. Лаьмнашна бухахь – бIеннаш хьехаш. Жимо йурт чу а тарлур йолуш. БIеннаш бIаьвнаш. Ког когах кхетта а, галваьлча, охьа чувоьжча, лахьо даьIахк а карор йоцуш, лекхачу торхашца гIашнекъаш. Цигахь муха карабо обаргаш? Ткъа уьш дагахь доцчохь хуьлу. КIело а йой, тIе а йеттий, салтий а бойъий, къайлабовлу. Нагахь шегахь дуккха а патармаш делахь, цхьанхьа аьттонехь кIело а йой, цхьана стага мел йоккха а отряд хIаллакйийр йолуш. Ткъа хууш ма ду, и обаргаш, майра хилла ца Iаш, Iаламат говза иччархой хилар.

Цундела, ша цхьанна ца тосадалийтахь а, Вербицкий кхоьрура отрядаца лаьмнашкахь операци йан. И кхерар тIе а алсамдаьллера цуьнан кехатана дуьхьал Зеламхин жоп деача. Цхьацца эпсарша бегаш бечуха олура цуьнга, оцу кехатца ахь-айхьа хьайна Iожаллин кхел йина. Амма йухаволийла а дацара. Оцу дерригенан ойла йеш Вербицкий лелачу хенахь, ши де хьалха БуритIахь, областан начальникан канцелярехь иза цхьаьнакхийтира Ведана округан ханна начальникца капитан Дудниковца.

Таллархойн ханна отряд кхолларца округийн начальникашна тIера дIа ца долура шайн округашкахь зуламхошца къийсам латтор. Церан декхар дара, хьалха санна, шайн округашкахь зуламаш совцо а, Iедал чIагIдан а, низам латто а. Ткъа обаргийн бен лоручу Ведана округан начальникан болх а, декхарш а, жоьпалла а кхечерачул алсам дара. Хорача экспедици йинчу хенахь нах лебеш, цхьана хорачочо Дудниковна йийцинера Зеламхин доьзал болу меттиг. Кехат тIехь шена ма-хуъу оцу меттиган карта а хIоттийнера хорачочо. Цо дийцарехь, Iacca-хин лакхенца, лаьмнашкахь, жимачу тогIехь масех цIa долуш гIалгIайн кIотар йу, йуккъехь лаьтташ лекха ши бIов а йолуш. Iacca-хица чIожахула цига бoгIy некъ ца хаьара цунна. Лаьмнашкахула, гIашнекъашкахула ваханера иза цига. Хорачочо тешийра Дудников кест-кеста Зеламха цига шен доьзална тIевоьдуш хиларх.