Светлый фон

Говр Соьлжехь хьешашкахь а йитина, гIаш гIали йукъа вахара Зеламха. Цхьадика, сирла беттаса долуш, урамашкахь ца тилалуш дIакхечира иза. ЦIенойн ков а, корийн неIарш а тIекъевлина дара. Амма корийн нeIapш йуккъехула, херошкахула, ара йуткъа серлонан асанаш гора. Зеламхас шаьш хьалххе билгалйинчу ишарехь кор туьйхира. Ши минот йалале ков а даьстина, Зеламха чоьхьаваьккхира Деналбека. Иза волчохь даим а хьеший лаьттара. Цхьадика, тховса кхузахь цхьа а хьаша вацара, цуьнан ваша Асланбек воцург.

Нохчийн къоман интеллигенцин тоба жима йара, цуьнан векалш куьйгийн пIелгаш тIехь а багарлур болуш. Газета тIехь Вербицкийн кехат дешча, иза шен-шен цIарах долуш санна, халахеттера хIоранна а. Халахетта ца Iapa, царах уггар либерале волчунна а даг чу оьгIазло йоьссинера. Зеламха гучу ма-велли, хиира Деналбекана, иза кхуза хIунда веана.

Пхьор даъалц, ша деана гIуллакх Зеламхас а ца дуьйцура, ткъа хIусамдас а ца хоьттура. Зеламха чувогIуш, стоьла тIе чиркх а хIоттийна книжка йоьшуш волу Асланбек, хьешана мара а иккхина, шен книжка тергал а ца йеш, цунна тIе а вогIавелла лаьттара. Шен жимачу доттагIчуьнца къамел долийра Зеламхас:

– ТIаккха, берзан кIеза, муха ду хьан гIуллакхаш?

– Дика ду.

– И хIун кинашка йу ахь йоьшург?

– Деша ваха кечам беш ву со.

– Мичхьа?

– Полтаве.

– Иза мичахь йу?

– Генахь йу. Москохал а генахь.

– Цига гена ца вахча, кхузахь йац ишкол?

– Эпсарийн Iилма Iамо воьду со. Иза Iамош ишкол йац кхузахь.

Зеламха, корта а хьовзийна, велавелира.

– Обаргашна дуьхьал тIом бан Iама воьду хьо?

– Сан да эпсар ву, амма иза цкъа а обаргашна дуьхьал ца ваьлла. Мелхо а, хьан доттагI ву иза.

– Кхин Iилма Iамо хIунда ца воьду хьо? Инженеран, абалкатан?

– Суна тIеман дешар Iамо лаьа.

– ХIунда?

– Паччахьан Iедалх нохчийн халкъ маьршадаккха.