1
Зеламхин гIуллакхаш, ва Дела аьлла, ца нислора xIoкху тIаьхьарчу кхаа шарахь. Бенойн дукъахь ГушмацIа а, Солтамурд а вийчахьана дуьйна схьа.
ХIетталц кхиамца чекхдовлура цо дагалаьцна дерриг а гIуллакхаш. Хьоле некъахой а талош, йийсаре а балош, цаьргара йасакх а йоккхуш. Банкаш а, кассаш а талош. Шен, халкъан а мостагIий – Добровольский, Митник, Чернов, Галаев… – бойуш а. Оцу кхаа шарахь кхиам хилла цуьнан кхаа гIуллакх тIехь. Андронников, Долидзе вуьйш а, Донагуловх бекхам оьцуш а, Соьлжа-ГIалин станцера касса талош а. Амма Долидзе а, цуьнан команда а хIаллакйеш, боккха бохам хилла цунна. ТIаьххьара ваша Бийсолта а вийна. Мел тIаьхьаталларх, Михеевн нуц йийсаре а ца лацавелла. Иза ша а, накъостий а Делан къинхетамца Iожаллех кIелхьарбевлла. Амма хIетахь а, хьалха Чермойн ломахь а кхочуш ца хилла цуьнан коьрта Iалашо. Шарль Акс йийсаре лацар а, ярмарка талор а.
Иза хилла ца Iapa Зеламхин догдохийнарг. И ши гIуллакх бахьана долуш дуккха а нахана зуламаш ма дина Iедало. Долидзен команда а, инженераш а, некъан белхалой а цо байъича, Зеламхин гергара бIе везткъе итт стаг, лаьцна, Сибрех вахийтина. Оцу нахана Iедало дина зенаш меттахIитто ницкъ ца кхаьчна цуьнан. Ткъа Соьлжехь цуьнан кхиамза дисина гIуллакх бахьана долуш, даим а цуьнан тешаме хьеший хилла IодагIеран Юсуп, Юнус Сибрех вахийтина. Церан цIенош дагийна. ДIабаханчу баттахь ворхI эвлайаъ, лаьцна, Россе дIавигна. Шайн доьзалшца цхьаьна. Уьш а xIapa Зеламха бахьана долуш лецна ша, боху Iедало.
Уьш хIокху цхьана шарахь лецнарш, набахтешкахь бахкораш, Сибрех каторге бахийтинарш бу. Ткъа Зеламха обарг ваьлчахьана дуьйна цхьайтта шарахь, иза бехке а веш, иза бахьана а лоьцуш, Iедало бохамаш бинарш мел дукха бу! Церан къа хьаьрчина-те цунах? Зударийн, берийн, къеначеран?
Цхьа чIогIа бехк баьлларг, халкъана зуламе ваьлларг бен стаг ма ца вийна цо. Уьш а дукхахберш паччахьан эпсарш, хьаькамаш бу. Бакъду, Зезаг бахьана долуш, ЭльсангIарах ши стаг вийна цо. Цара а вийна ЗеламхагIарах шиъ. Ца хууш кхетта, Зеламхин карах СаркагIеран кIант а велла. Iедалан айкхаш а, йамарт нах а байъина. Зеламхас ша а, цуьнан накъосташа а. Бехк-гуьнахь доцу стаг ца вийна цо цхьа а.
Цуьнан да а, ваша а вийнера Iедална вохкавеллачу бенойн Буццус. Цушиннан чIир йоькхуш, Буццусан ваша Межед вийра Зеламхас. Кхин цхьаъ вен везаш а ву. ГушмацIас, Зеламхас, Солтамурда цхьа а тайпа новкъарло ма ца йинера БуццусагIарна-м хьовха, атталла, бенойн тайпанна а. БуццусагIар Iедална бохкабеллера. Ахчанах. Дуьненан хьолах. Цундела бутт хьалха нохчийн йарташкара итт эзар туьма доккхуш, Буццусан цIийнан нахера кепек а ца даьккхинера Iедало. Уьш шен йалхой, лайш хиларна. И тайпа йамартхой байа ма беза. Лаха а лохуш. Церан xIy дайа. КIур байа. Шайн гергарчара а, тайпанан наха а ца совцабо уьш. Царна дика хаьа уьш кхахьпанаш дуйла. ХIетте а ца совцабо уьш. Ткъа Зеламхас байъича, цуьнга чIир кхайкхайо. Нийса ма дац иза. Шайн хьерадаьлла зуд ден деза долчара.