Светлый фон

Асхьаб йухавирзира. ХIинца иза цхьана новкъа ваьлла. Дисинарг тIаьхьа толлур ду цо. Асхьабана хаьара цавевзарг хьалаваьллачу ломах хьех хилар. Муха ца хаьа, бераллехь, Зеламха а цхьаьна, уьш хийлазза оцу хьехахь левзина хилча. ХIинца иза шеквара Зеламха цигахь къайлаваьлла хиларх. Амма цхьа а шеко ца йуьтуш, тешам боллуш талла дезара и гIуллакх.

ШолгIачу дийнахь шен тоьпаца талла воьдучуха оцу агIор лаьмнашка вахара Асхьаб. Хулхулон тогIи чухула хьехана кIел ца воьдуш, хин вукху агIор, хьехана дуьхьал болчу лома тIе хьалавелира. Цигахь, цхьана торхана тIехьа а лечкъина, хьехе бIаьрг туьйхира цо. Хьехан бертиг къевлина йара серагех дуьйцинчу зIараца. Хьехан бертиган лакхенца халла хаалуш кIур бара арашершаш. ЛегIанчу бердах йаьхначу киртигашна тIе диллинчу лай тIехь адаман когийн керла лараш а гора.

ХIинца дерриг а гуш дара. Хьехахь вехаш стаг вара, иза Зеламха бен хуьлийла а дацара. Амма цхьа а тайпа шеко ца йита, оцу хьеха лела стаг мила ву хаа дезара цунна. Кхаа дийнахь Хорачахь, Веданахь, Дишни-Веданахь, Эшалхотехь шен гергарчу нахехула теллира цо, хIокху агIорхьара а воцуш, ткъе итт шо хенара стаг гиний шуна кхузахула лелаш бохуш, хоьттуш. Эххар а цхьаъ карийра цунна иза гина а, вевзина а. Мичара ву а, цIе а ца хаьара цунна, пхи-йалх шо хьалха Ведана набахтера Соьлжа-ГIала дIавуьгуш, Зеламхас салташкара схьаваьккхина жима стаг ву, бохура.

Цул тIаьхьа масех дийнахь синтем байна хьийзира Асхьаб. Цуьнан даг чохь хьогIо а, сутаралло а къуьйсура. Зеламхин коьртах берхIитта эзар сом совгIат кхайкхийна Iедало. Амма иза дийна йа вийна шена тIевалийначунна. Асхьабе йа дийна а, йа вийна а дIавалалур вац иза. Ткъа Зеламха волу меттиг йийцинчунна лур дуй-те Iедало ахча? Иза ца кхайкхийна. Делахь а, пхи эзар сом ца луш Iийр бац. Эзар сом делча а, тоуьйтур дара Асхьаба. ТIаккха, Хорачахь-м хьовха, Хулхулоца а, Бассаца а йолчу йарташкахь цхьаьннан доцчу тайпана даккхий, дика цIенош хIиттор дара, ши говр, гIудалкх, бежанаш, уьстагIий оьцур дара цо. ХIокху aгIор уггар воккха хьолахо хир вара цунах. Цхьа а сом ца делча а. ХIумма а дац. Цара Зеламха вийча а тоьу цунна. Асхьабан дог Iебар ду.

Мотт хьош, гена ваха а ца дезарa. Массо а йарташкахь лаьтташ таIзархойн отрядаш йара. Хорачахь а йара пластунийн, гIалагIазкхийн отряд. Цуьнан начальник ву полковник Мокрицкий. Амма Асхьаб цунах ца теша. Веданара полковник цул лакхара ву. Округан начальник. ШолгIачу дийнахь Караловна тIевахара Асхьаб. Цуьнга ахча хьахийра цо. Зеламха волу меттиг йийцича, мел ахча ло Iедало аьлла. Каралов, бат раз озийна, меха йохка ирйеш санна, мекхийн йуьхьигаш ийзош, вела а ийзош, вехха Асхьабе хьийжира, дуьххьара шена гучу тамашийнчу экхане санна. Баккъал а, Асхьабан сурт гуттаренна шен даг чу дижо санна, хьоьжура цуьнга подполковник. Коьса йуьхь, готта хьаж, воьда мара, хье тIе хевшина пхьидачарех тера даккхий, цхьа а тайпа бос боцу бIаьргаш, дуткъий балдаш, кIеззиг логах къаьсташ чIениг. Йерриг схьалаьцча, мукадехкачух тарйелира цунна Асхьабан йуьхь. КIилло, сутара, стешха, йамарт стаг аьлла, мах хадийра цо шен хьешан. Цунна бIаьрга ган ца безара и тайпа нах.