Светлый фон

– Цара вуьйр ма ву хьо, Зеламха. Уьш берриг а байа хьуна патармаш тоьур ма дац. Патармаш кхачийча, хIун дан воллу хьо? Хьан кхача а ма бац шина-кхаа денна бен. ТIаккха, мацалла бIарзвина, лоцур ма ву хьо…

– Суна са ма гатде, Асламха. И Делан мостагIий байа тоьур долуш патармаш ду соьгахь. ХIетталц баа кхача а бу, мала хи а ду. ДIагIо. Сан жоп дIакхачаде полковник бохучу оцу зуьде.

Ша хьехара аравалале Зеламха маравоьллира Асламхас. Кхин иза дийна шена гур вац аьлла.

 

5

 

Хьеха тIе тоьпаш йеттар эрна дара. Бертехула чу-м йетталора дIаьндаргаш, амма Зеламхина шортта меттиг бара царах ларвала. Цхьана есауло гIалагIазкхий бахийтира, ча а, йекъа жIолмаш а йан. Уьш хьехан бертиге а йоьттина, царах цIe а латийна, хьеха чохь Зеламхина кIур бан. Амма лакхара охьа чутуьйсу жIолмаш а, ча а, хьехан бертехь ца совцуш, шершаш, лаха тогIи чу охьаоьхура.

Иштта эрна кхийссарш йира шина сохьтехь. Кхузахь йоккха топ йезара хьеха чу йетта. Цул совнаха, шен тIеман ницкъаш кIезиг а хетара Караловна. Операцина тIехь куьйгалла дар подполковникна Мокрицкийна тIе а диллина, Соьлжа-ГIала ваха новкъа велира иза. Веданара дIа телеграфаца хаам бира цо, Зеламха гонна йуккъехь ву, амма шена йоккха топ а, лелха хIоьънаш а, лаххара а рота салтий а, гIалагIазкхийн сотни а оьшу аьлла.

Каралов дIа а кхачале, и хабар даьржинера гIалахь. Цигара дIа телеграфаца Буру-гIала а, массо газеташка а хаам бинера, цхьанна а мичахь ву а ца хууш, цхьа бутт хьалха къайлаваьлла разбойник Зеламха, ша винчу йуьртана Хорачана кхо чаккхарма уллохь, ломан цхьана хьехахь карийна, пластунийн, гIалагIазкхийн отрядаша иза гонна йуккъе а воьллина, кара ца вагIахь, кIелхьарвала цунна цхьа а тайпа некъ бац бохуш. Ткъа Каралов ша Соьлжа-ГIалахь даьккхинчу сохьтехь турпалхо хилла лелара.

– Зеламха сан кисанахь ву! – галифен кисан тIе куьг деттара цо. – Тахана сарале ас схьавалор ву и разбойник. Куьйгех, когех буржалш тоьхна, дийна йа вийна, цIеша а вуьзна!

Соьлжа-ГIалара дIа Михеевга телеграмма йелира цо, Хорачахь хIоьттина хьал дуьйцуш.

Соьлжа-ГIалахь салтийн рота ца хилира Караловна. ГIизлар-Гребенски гIалагIазкхийн полкан цхьа сотня а, йоккха топ а йелира цунна. Цаьрца делкъал тIаьхьа Хорача кхечира иза. Цуьнца ши фотограф веара, йийсаре лаьцначу йа вийначу Зеламхин суьрташ даха.

Караловна дийна оьшура Зеламха. Цхьайтта шарахь Кавказана кхерам хилла, цхьайтта шарахь дуккха а эскаршка ца лацавелла, Россехь а, дозанал арахьа а гIараваьлла разбойник, когех-куьйгех буржалш а тоьхна, Соьлжа-ГIала а, Буру-гIала а вигна, бахархошна гайта. Цунна уллохь ша а гайта. Ша турпалхо. Столични газеташа шех лаьцна йаздар. Историна йукъаваха. Цундела хьеха тIе йоккха топ йетта йолайале, Зеламхина тIе ши стаг вахийтира Караловс. Хорачан йуьртда а, Асламха а. И шиъ хьехахь дукха ца Iийра. Цаьршиннан кхоьлинчу йаххьашка хьаьжча а, хиира Караловна дийцарш кхиамза чекхдевллий.