– ХIун до? Хьеха чу кхуьйсу-кх!
– Берте а вахана, чукхийса воллу хьо?
Караловс жоп ца луш витира Моргания.
Шашканаш лахара хьала кхийсира, амма уьш, хьехан бертигах а йетталуш, лелхара. ТIаккха ломан дукъа тIера шершаш, тIулгаш лоьцуш, кхийзалуш, хьехана герга охьа а веана, шашканаш хьеха чу кхийса гIоьртира ши сапер. Цунах а гIуллакх ца хилира. Царах догдиллинчу Караловс, цуьнгара хуьлуш пайда бацахь а, Зеламхин сагатдар хир ду-кх аьлла, хьеха тIe йоккха топ йетта аьлла, омра дира. Хулхулон тогIи а, гондIара лаьмнаш а декош, маьркIажан бода боллалц йоккха топ йиттира хьеха тIе.
Бода боьлча, салташна садаIа пурба делира Караловс. Уьш шелбеллера. Хьехана гонах а, тогIи чохь а цIерш а латийна, хийцалуш ха а деш, садаIа севцира. Амма Караловн синтем байнера. Даго цхьа вониг хьоьхура цунна. Цо, дозаллаш деш, хабарш ма дийцинера Соьлжа-ГIалахь. Зеламха шен кисанахь ву бохуш. Лаьцначу йа вийначу Зеламхин суьрташ даха фотографш а баьхкина. Нагахь санна Зеламха хьехара дIагIахь, доккха эхь ду Караловна. Бакъду, кхузахь шеца кхоъ полковник хиларо жимма маслаIат до цунна. Къаьсттана Моргания кхузахь хиларо. Коьрта жоьпалла цунна тIехь ма ду. Михеевс, шен векал вина, ваийтинчу…
6
Хулхулон тогIи чохь лелориг дерриг а гора Зеламхина. Йоккхачу тоьпаца гIалагIазкхийн керла бIо схьакхочуш а гира. Царна тIаьххье кхуза кхаьчна полковник Моргания а вевзира. ТIаккха хьеха тIе а йерзош, йоккха топ дIахIоттош а хьийжира. Шен ши йуьртахо хьеха хьалахьажош а гира. Цигахь дуьйцург ца хезара, лелораш гора.
Караловс бахкийтина векалш дIа а хьовсийна, тIулгаш дIа а дохуш, ша даьккхинчу шина корехула дIа тогIи чу хьежа хIоьттира Зеламха. Дуьххьара детта йоккха тоьпан хIоьънаш хьехан бертигна лакха, лаха, шинне aгIop бердех детталуш, йуханехьа кхийсалора. Зеламха ша хIоьттина лаьттачуьра меттах а ца волура. Цунна кхераме йацара йоккха топ. Уьш маситта эзар хилча а. Хьехан хьалхарчу бертигах чоьхьаваьлча, аьтту aгIop масех гIулч йеха, готта сени йара. ТIаккха иза аьтту aгIop чухьаьвзара. Схьатоьхна хIоъ, оцу сени чухула хьийзаш ца беача, хьеха чу кхетийла дацара. Арахьара тIулган пен а бара ши-кхо аьрша стомма. Иза хIоьънашка аталур бу бохург хьехочохь а дацара.
Зеламхас наггахь топ тухура. Дуьхьал ломахь а, тогIи чохь а лаьттачу салташна а, гIалагIазкхашна а. ДIа мел тоьхначо цхьацца воьра йа, лен чов йой, вожавора. Каралов а, Моргания а вуьйр вара цо аьтто нислахьара. Амма и шиъ а, важа ши полковник а хьехана нийсса кIел цхьанхьа туп тоьхна сецнера.
Тахана бовха кхача ца хилла Зеламхина. Ша арахьа тергам бечу меттигехь ирахь а лаьтташ, сискал а, нехча а диира цо делкъехь. ТIаккха, хьехан бертиг дIа а къевлина, ламаз дира. Цхьадика, Iуьйранна эцна ламаз карахь лаьттара цуьнан маьрккIажалц. ТIеетта йоккха топ сецча, оцу баттахь сов хенахь дуьххьара хьеха чохь ламазана цIано а йина, маьркIажан ламаз дира цо. ТIаккха цIе а латийна, кIегий даьхна, самовара чохь хи а кхехкийна, чай даьккхира. Пхьуьйра ламаз а дина, вирд даьккхина, жимма садаIа маьнги тIе дIатевжира. Цунна хаьара буса хьеха чугIерта салтий баьхьар боцийла.