Светлый фон

 

7

 

Зеламха шен кисанахь ву, ша иза, когех-куьйгех буржалш тоьхна, дийна йа вийна, цIийша а вуьзна, сарале Соьлжа-ГIала дIавалор ву бохуш, Караловс стомара гIaлахь дина дозаллаш сихха даьржира Веданахь а, гондIарчу йарташкахь а. Зеламхех дог лозуш, гондIарчу йарташкара дуккха а нах гулбелира кхуза шолгIачу дийнахь Iуьйранна а, тахана а. Уьш Хулхулон тогIи чохь а, лаьмнийн басешца а кегий тобанаш йина лаьттара. Салташа дIачехабарх а, дIа ца бовлура цигара.

Сийсара дуькъа дохк хIоьттинера тогIи чу а, лаьмнашца а, масех гIулч дехьара хIума а ца гуш. Иза дIадаллалц хьеха тIе йоккха топ йеттар сацийнера Караловс. Iуьйранна исс сахьт долуш, дохк дIа а даьлла, малх кхетта, серладевлира лаьмнаш. Хьеха чохь тийналла лаьттара. Караловн омрица хьехан бертиг тIе мосазза а тоьпаш туьйхира салташа. Амма цигара схьа топ ца йолура.

– Хьехахь Зеламха вац, моьтту суна, – элира Караловна тIевеъначу прапорщика Гамиевс. – Ша цу чохь хилча, дуьхьал топ ца кхуссуш Iийр вацара иза.

Цунах шек Каралов ша а вара, делахь а теша ца лаьара.

– Цигара ваьлла, мича гIур вара иза? Цхьана мекарлонна дIатийна хир ву, – кхоьлина жоп делира цо.

– Ахь пурба делча, хьеха чу хьажа гIур вара со.

– ХIун дуьйцу ахь? Цо, топ тоьхна, къиг санна, вожор вара хьо!

– ХIетте а, пурба лохьа суна.

Гамиевна пурба ца делира Караловс. ТогIи чохь лаьттачу нохчех цхьаъ шена тIе а кхайкхина, иза хьажийра цо хьеха чу. Киртигашна тIехула халла хьалаваьлла нохчо, пхеа минотехь гергга цу чохь а лаьттина, хьехан бертехь гучувелира.

– Кху чохь цхьа а вац! – лакхара охьа мохь туьйхира цо.

Массо а цецваьлла, Iадийча санна, лаьттара.

Караловна дагаеара хьеха кIел тогIи чохь сийсара салташна карийна мунда. Салтий кхеро Зеламхас йина забар хир йу иза аьлла, хIетахь ойла ца йира Караловс. ХIинца цуьнан коьртехь масех тайпа ойла гIеттира. Цхьа мекарло а йина, дIавахана-те иза? Муха? Мичахула? Хьан гIо дина? Салташна, гIалагIазкхашна йукъахь йамартхо хуьлийла а дац. ДегIастанхойн дошлошна йукъахь? Хуьлийла а дац. Зеламха церан мостагI ву…

Каралов и ойланаш йеш лаьтташ, ткъех нохчо, бердах хьала а ваьлла, хьеха чу вахара. Царна тIаьхьа, зингатий санна, хьалагIертара кхин а. Эххар а саметта веана Каралов, шеца Моргания, Мокрицкий, Масленников, гIалагIазкхийн есаул волуш, хьеха хьалавелира. ХIорш чубаьхкича, цхьа масех стаг воцург, важа нохчий арабевлира. Хьеха чохь баьсса маьнга а, очакх а, цунна кIел йовха йукъ а, цхьана сонехь масех пхьегIа а йара. Зеламха вацара. ОьгIазвахана, синкхетамах ваьлла лаьттара Каралов. Коьртехь кхин ойланаш хьийзара. Стомара Соьлжа-ГIалахь ша дина дозаллаш. Михеевга йелла телеграмма. Кхуза баьхкина фотографаш. Стомара гIалахь цуьнан багара даьлла массо а дош газеташа зорба тоьхна хир ду. Ткъа Зеламха вахана. ХIинца Каралов муха хIотта веза Михеевна хьалха?