– Тхо кхоъ Гуьржехара веана, – элира гуьржичо. – Хьан да, Iела, Сибрехь вевзина суний, Петроний. Цхьа бутт хьалха иза Гуьржех дIавеача, цигахь йуха а цхьаьнакхийтира тхо кхоъ.
Iусманан кийра цIе кхерстира.
– ЦIерш хIун йу шуьшиннан?
– XIapa Петр Егоров ву, сан цIе Николаз йу. Николаз Беридзе.
– Дадин уггар гергара ши доттагI ву-кх шуьшиъ.
– ХIаъа, тхан доттагI хилла ца Ia хьан да. Оха тхайн да санна лоьру иза.
Хьеший дIатийра. Уьш кхийтира шаьш дуьйцучух Iусман шекьхиларх. Баккъалла а, жимма Iийча, Iycмaна цIеххьана хаттар дира цаьрга:
– Со цхьана хIуманах ца кхета, Николаз. Дада цига вахана кхо бутт кхочуш боллу. Шуьшинца цIа хIунда ца веана иза, шуьшиннах къаьстина, цигахь хIунда висина иза?
– Нийса хоьтту ахь, Iусман. Иза цига кхаьчча, дукха цхьаьна Iойла ца хилира тхан. Тхойшиннан Россех ваха дийзира цхьана баттана. ТIаккха Iелас, ша Хонкара воьду, элира. Цигахь дозанехь ваша ву шен дIавоьллина. Японски тIамера ведда вахана, Хонкарахь вехаш оцу вешин кIант а ву, элира. Вешин коша тIе а хIуттур ву ша, вешин кIант а лохур ву ша, элира. Тхойша Россех вахана вогIучу йукъана ша, Хонкара а вахана, Гуьржеха йухавоьрзур ву аьлла, вахара иза. Ша цигара йуха ца верзахь а аьлла, хьоьгий, Ахьмад цIе йолчу шун йуьртахочуьнгий цхьа весет дитина цо.
– Оцу тIехь дерг соьга дийца ца мега аш?
– ХIан-хIа, мегар дац, Iусман, – корта ластийра Беридзес. – Хьой, Ахьмад цIе йолу стаггий цхьаьна хила веза.
«Веза Дела, хIун ду-те аьшшиммо деанарг, дан мукъа а? – чу бала хьаьвзина, тIаьхь-тIаьхьа чехкадуьйлуш, хьерадаьлча санна, детталора Iусманан дог. – Диканиг дохьуш веанехьара, тоххара схьадийцина хир дара…».
– Тховса кхойкху вай Ахьмаде йа кханенга даккха мега вайн иза? – хаьттира цо, хьешашна луург дархьама.
– Хьайна мел хало хилахь а, тховса схьакхайкхахьа цуьнга. Шун кхузахь а машаре дац. Хьанна хаьа, кхана хиндерг.
Кхин хан ца йойуш, Ахьмад каро араиккхира Доша.
4
Ахьмад охьавижаза карийра Дошина. ХIетта цхьанхьара цIа вирзина иза, тIера сов бедар дIа а йаьккхина, неIармачаш кханенна кечъеш воллура. Хан йоцчу хенахь ша волчу веанчу Дошин кхоьлина йуьхь гича, иза хIумма а диканиг дохьуш ца веаний хиира хIусамдена.
– Доша, хьо лаа лелий? – хаьттира цо шен ма-хуьллу паргIат.