Iусманна наб ца кхетара, мел кхетийта гIертарх. Бодашкахь бIаьргаш а детташ, Iуьллура иза, сих-сиха ха а хорцуш. Сема велахь а, цунна ца хезара арахь шок йетташ, дорцан шийла цIийзар а, цхьаммо карзахдаьхна летачу жIаьлийн гIовгIа а. Цуьнан ойланаш генахула лелара. Ца бевзачу махкахула. Хонкарахула, гуьржийн лаьмнашкахула.
– Iусман!
Цхьа гIенахь санна, цхьаммо шен цIе йоккхуш хезна, ладуьйгIира Iусмана. Цхьаммо меллаша кор деттара.
Хьала а гIеттина, бодашкахь катоьхча карадоггIучу вуьжуш охьадиллина шен барзакъ схьаэцна, сиха тIе а дуьйхина, шаьлта йукъах а йихкина, тапча доьхкарх а йоьллина, патармех йуьззина ши гIап некха тIехь морзахйоккхуш коча а тесна, йуьйлина японски топ кара а лаьцна, араиккхира иза.
КетIахь лаьтташ кхо стаг гича, уьш хIун адамаш ду цахаарна, тIе ца воьдуш, сецира Iусман.
– Муьлш ду шу? – мохь туьйхира цо.
– XIapa-м со вара, Iусман.
– Доша, хьо ву иза? Схьачудуьйла.
Шеца болу накъостий кетIахь а битина, Iусманна тIeвеара Доша.
– Соьца берш хийра хьеший бу, Iусман. Вайнах бац уьш, цхьаъ воцург.
ТIедиллинчу лайно кIайвинчу кхаа хьеше маршалла а хаьттина, уьш чубийхира Iусмана.
– Цкъа хьалха чу гIой, чиркх латабай, хIорш чубига цIa кечдехьа, Iусман, – элира Дошас. – Тхо арахь совцур ду.
– Мох ца кхете мукъа а довлийша, Доша. Ас хIокху дела сохьта чудуьгу шу.
Сихха гIеттинчу Меданас хьешан цIа чуьра товха цIарах йуьйлира. Iаьнан шийлачу денца ца догIучу дуткъачу духарца болу хьеший цIарна гонаха хьаьвзира. ЦIеран серлонехь бIаьрг ма-кхийтти, хиира Iусманна уьш цхьаъ нохчо а, важа шиъ оьрси а, гуьржи а хилар.
Хьешашка хаттар ца дора Iусмана. Цхьана хIуманах дог кхиъна, чу алу йоьхкича санна, кийра богура цуьнан.
– XIapa кхоъ Гуьржехара веана, – элира Дошас. – Ма-боггIу Саьмби-КIотара кхаьчна хIорш, цигахь суна тIенисбелла…
– Ванах, тхан дадин хьешех ши стаг ву-те хIара шиъ? – шен дагахь дерг схьаэлира Iусмана. – Цо бийцинчу нахах тера ду кху шиннан аматаш.
– Волчух тера ду…
Даим санна, ша сихалха лун кхача – сискал а, йовха шура а йуьллуш, хьешашна шун хIоттийра Меданас. Шуьнца тховса тIекхеттарг гIалмакхан чай дара, шура а тоьхна, тIе даьтта а диллина тодина. Бохбелла, буьзна хьеший паргIатбевлча, Нохчийчохь хIоьттинчу хьолах лаьцна жимма къамелаш деш а Iийна, хьешашка шен садуу хаттар дира Iусмана.
– ТIаккха, мехкан воцу ши хьаша, шуьшиъ мичара веана, стен валийна сан мискачу хIусаме? Шаьшшинна оьшург аш схьадийцахь, иза Делан гIоьнца кхочушдийр ду-кх вай.