Арахь догIа дара комаьршша тIедоьлхуш. Коран ангалих раз деттачу догIанан татанаша даг тIе сингаттам туьйсура. Йовмирза цIахь вацара. Цаьршинна керла сискалш, нехча, кхачанан цхьацца сурсаташ дохьур дара, бехйелла бедарш йитта дIа а лур йара ша аьлла, маьркIажан бода боьлча, Шела ваханера иза.
Зеламха шен ойланашца цхьа висинера хIокху хIусамехь. Мел дIахьийзайарх а, ойла доьзална тIейоьрзура. Беци, Зезаг, бераш ган сатуьйсура цо. Ши шо сов хан йаьллера цунна уьш газа. Могаш велахьара, хьалхалера тешаме накъостий а белахьара, доьзална хIоттийна мел доккха ха хилча а, йукъара схьа а баьккхина, лаьмнашка дIабуьгур бара. ТIаккха цаьрца Хонкара дIаваха гIуртур вара. Амма Зеламха ша цомгаш ву. Могаш хилча а, хьалхалера накъостий а бац. Саламбек, Аюб, Абубакар, Iусман, Жабраил, кхин дуккха а…
ШахIабан хIусамера араваьлча, ДегIастанан дошлойн полках вовшахтоьхначу шен отрядаца Йовмирзин кIотара сихвелира Кибиров. Отрядаца бара Шелан йуьртда Дослихов Михаил а, цуьнан гIоьнча ГIезамахьмаев Мурад а, округера къайлах агенташ болу нохчий а. ТIедоьлхуш догIа, буькъа хатт, Iаьржа буьйса. Наггахь ткъесо серладохура цIа, рагIу, элан рагI, хьаьжкIийн такхораш. Говраш варшахь а йитина, цIа йукъалоцуш дIаса а баьржина, тIаккха тIеттIахуьлуш, дитташна, такхорашна тIехьа а лечкъаш, цIенна луьстта гo бира цара. ЦIенна гергагIорта ца баьхьара уьш. Царна дика вевзара Зеламха. Цхьанна а вала ца лаьара.
Шедидана девзара Йовмирзин цIа. Церан доьзал чохь Iачу цIа чухула хьала тхов тIе волуш кор ду, аннех динчу негIарца дIакъовлуш. Масех гераг дIа а эцна, тхов чу а ваьлла, негIар дIаайича, нагахь санна Зеламха цIа чохь велахь, шена кхерам а боцуш цунна тухийла дара. ЦIенна тIеваха Кибировгара шена бакъо йаьккхира Шедида. Кибировна зен ма ца хуьлура Зеламхас и йамарт нохчо верах. ХIара берриг нохчий байа ницкъ белара цуьнан, цхьа а дийна а ца вуьтуш. ТIе, Зеламха оцу цIа чохь велахь, Шедидана а, цуьнан вешина а Iедало ахча лур долуш а хилча. Лахь а, шен дуьхьа лийр ву иза.
Ойланийн йийсарехь велахь а, лерг сема вара Зеламха. Арахь цициг доладелча а, хаьара цунна. Тхов тIехь цхьаммо бай ког боккхуш санна хетта, сема ладуьйгIира цо. Шеко йацара тхов тIехь цхьаъ хиларан. Иза Йовмирза хуьлийла а дацара. Шела вахана Йовмирза а муха хуьлу тхов тIехь? ЦIахь хилча а, тхов тIехь цо хIyн до? Тхевнан кора тIе ши бIаьрг буьйгIира Зеламхас. HeгIap меллаша хьалаайадала дуьйлира. Тхов тIерачу стеган куьг хир ду аьлла хеттачу хьажийна топ туьйхира Зеламхас. ТIаккха кога эткаш йуха а ца кхуьуш, тапча гIовталан кисана а йоьллина, патармийн гIап коча а тесна, топ карахь бодашка иккхира.