Светлый фон

Оцу кхойтта шарахь дуккха а гIалаташ дийлира Зеламхех. Цо а, цуьнан накъосташа а бехк-гуьнахь доцчу адамашна бохамаш беш меттигаш а нисйелира. Зеламха а, цуьнан накъостий а маликаш, пайхамарш, эвлайааш бацара. Уьш адамаш дара. Дала кхоьллина цхьа а адам а ца хилла гIалат ца долуш.

Тахана кхузахь гинчу суьрто ойланаш йайтира Овхьаде. Тамашийна амалш йу адамийн. Шайна оьшучу хенахь, шайна пайде волчу хенахь стаг хьалаойу, ткъа пайде хуьлучуьра ваьлча, оцу лакхенгара охьа а кхуссий, цхьалха вуьту. Шайн дуьхьа шен ницкъ, ирс, машаре дахар дIаделлачу оцу стагана орцахвала, иза кхерамах, бохамах ларван, цуьнан дуьхьа шен цIийн тIадам дIабала ца лаьа цхьанна а.

Овхьадана дагабаьхкира иштта нохчийн халкъо дIатийсина, цхьалха бисина Iожалла тIеэцна кIентий.

Шайх Мансур, ламанийн халкъийн дуьххьарлера имам, шаьш иза имам кхайкхийна ши бутт баьлча, нохчаша дIа а тесна, махках велира. ТIаккха паччахьан эскарша йийсаре а вигна, Шлиссельбурган гIопан набахтехь дIакхелхира.

Таймин Бийболат къанвелла, цамгаро лаьцна, заьIап висча, массара а дIа а тесна, гIумкийн цхьана эло тешнабехкаца вийра.

ГIараваьлла полководец цIонтаройн ШоIип-Молла шен тайпанан наха вийра.

ГIараваьлла полководец курчалойн ТIелхаг веллачул тIаьхьа, наха буса каш а даьстина, дакъа схьа а даьккхина, цуьнан доьзалан цIийнан неIар тIе а товжийна, арахьа дIахIоттийнера.

ГIараваьллачу майрачу къонахчо бенойн БойсагIара, тIамехь шен цхьа пхьарс, цхьа ност, цхьа бIаьрг баьккхича а ца соцуш, тIом бира шен халкъан маршонехьа. ТIаьххьара а паччахьан эскарша гатвина, Бена-йуьртана гена йоццуш цхьана хьехахь шен доьзалца иза къайлаваьлча, нохчочо паччахьан эскарш тIе а дигна, лацийтина, Хаси-Юьртахь ирхъоьллира. Ткъа цуьнан ши накъост Дуин Iyммa а, Атин Атаби а Россин къилбаседа губернешка ссылке вахийтира.

Мискачу халкъан орцахо, Делан новкъахь хилла эвлайаъ Кунта-Хьаьжа, цхьаболчу нохчийн гIоьнца Шемала махках а ваьккхина, масех шарахь Маккахь, Меданахь ваьхна, Шемал йийсаре ваханчул тIаьхьа даймахка цIа вирзича, цхьаболчу нохчийн йамартлонца паччахьан Iедало махкахваьккхина, даймахкана генахь, керстанийн махкахь къайлавелира.

Иштта, халкъо дIатесна ткъе пхи шо хенара Iаьлбаг-Хьаьжа, ша бахьана долуш халкъ ца хьийзадайта, шен лаамехь паччахьан Iедална тIе а вахана, салташка, чаьлтаче шен дегIах куьг ца Iуттуьйтуш, тангIалкхаш кIел хIоттийнчу гIанта тIе ша хьала а ваьлла, шен логах ша муш а тесна, ког тоьхна гIант дIа а харцийна, ирхъоллавеллера. Оцу дийнахь изза дира суьйлаша йамартлонца оьрсийн инарлин кара веллачу Дуин Iуммас а, цуьнан кIанта Дадас а.