Михеевс, резахилла, корта теIабора.
– Кхиам буй церан?
– Бу. Царна лар карийна Зеламхин.
– Иза-м кхиам бац, подполковник. Зеламхин лорах вай лела кхойтталгIа шо ду!
– Иза маьрша дукха леларг цахиларх хьо тешо лаьа суна, хьан Локхалла. Зеламхас дIа мел боккху ког хаьа суна.
– ХIинца мичахь ву иза?
– Мичахь ву хуург карийна тхуна. Цомгаш Iуьллу Зеламха. Айкхо ца дуьйцу, иза мичахь Iуьллу.
– ХIунда?
– Ахча доьху.
– Зеламха схьавеллачунна вай кхайкхийна берхIитта эзар сом ду.
– Айкхо ткъа эзар сом доьху.
– Ткъа эзар дац. Нохчашкара даьккхина итт эзар а, Iедало къастийна бархI эзар а.
– Ткъа эзарна тIера лаха ца волу иза. Ас дукха къийсина цуьнца.
– Мила ву и айкх?
– Вежарий БортиговгIар. Шелара. Амма ас поручик Кибировна тIедиллина, царна тIаьхьара ма валалахь аьлла.
– Дог дохийла йуй ткъа?
– Йу. И вежарий шаьш а бу Зеламха хIаллакван лууш. Царах цхьаъ вийна цо. Хетарехь, берхIиттаннах резахир бу уьш. Царна ши пайда хуьлу – мостагI вер а, ахча а.
– Мел хан йезар йу хьуна?
– Лаххара цхьа бутт хан.
– Дика ду. Иза хьан тIаьххьара дош лорур ду вай.