Светлый фон

Тахана ШахIабан хIусамехь хьошалгIахь ву Кибиров, Шелан йуьртда хIири Дослихов Михаил а. Стоьла тIехь шун хIоттийнера. Дерстина жижиг, ахьаран галнаш. Саьрамсаькхан кIон берам. Кхерзина котамаш. Сийна хохаш. Дика чай. Коьртаниг – къаьркъа а. Йукъ-кара ШахIаба къаьркъа дуттура стаканаш чу. Хьешашна – алсам, шена – кIезиг. Баккъал аьлча, ШахIаб ша молуш а, маларе безам болуш а вацара. Иштта, ша волчу хийра хьаша нисвелча, гIиллакхна маларх къурд бора.

Хьешашна хIун оьшу хьожуш, сих-сиха чувогIий тIехIуттура Шедид. Кортош дукха дохдалале, шаьш цхьаьнакхетаран Iалашонах лаьцна къамел дира Кибировс:

– Ахь дийцинчун хьокъехь подполковника Караловн къамел хиллера Михеевца. Инарла дуьхьал вацара хьуна ткъа эзар сом такха. Амма шен долахь оццул ахча дац, аьллера цо. Нохчашкара даьккхина итт эзар а, Iедало къастийна бархI эзар а бен. Ткъа Михеевн метта областан начальник хIоттийна инарла Флейшер пис стаг ву. Хьо резавелахь, и берхIитта эзар ло цо, цул сов цхьа кепек а дац шен, боху.

– Ткъа эзар соьмана тIера охьаволийла дац сан.

– Ахь ойла йиний, ШахIаб, хьо оьрсийн эскарехь, оьрсийн эпсар хилла хиларан? Ахь дуй ма биъна паччахьна тешаме хила!

– Со тешаме ву сайн дуйнна. Ас ларбо иза.

– ХIан-xIa, ШахIаб, ахь шалхо лелайо. Хьуна хаьа, Зеламха мичахь ву. Амма хьайна мах ца белча, ца дуьйцу ахь. TIе, мах а къуьйсу. Со санна, оьрсийн эскаран эпсар ма ву хьо, тахана эскарехь гIуллакхдеш вацахь а. Со санна, оьрсийн паччахьан йалхо ма ву хьо. Хьайн дуйнна баккъал а хьо тешаме хилча, ахь маьхза йийца ца йезара Зеламха волу меттиг? Йийца а ца йуьйцуш, айхьа лаьцна, Iедале схьавала ма везара ахь. Иза хьан декхар ма ду! И хьайн декхар ахь кхочуш ца дахь, Iедало марахдоккхур ду хьуна.

– Цкъа-делахь, поручик, со эскарехь гIуллакхдеш вац. ШолгIа-делахь, суна ца хаьа Зеламха волу меттиг. Иза кхечеран къайле йу. Со церан а, Iедалан а йукъарлонча ву. Зеламха мичахь ву хуучу стага, шена ткъа эзар ца делча, иза волу меттиг ца йуьйцу, боху. Ас иза дIааьлла Караловга а, хьоьга а. Аш схьааьлларг оцу стаге дIa а эр ду.

Кибировс чай дийхира.

– Мичахь ву и стаг? Ас айсса дийр ду цуьнца къамел.

– Иза-м генахь вац. Амма цунна луур дац хьуна гучувала.

– ХIунда?

– Айкхана шен цIе къайлехь йиса ма лаьа. Иза берхIиттанна тIе охьавало хьожу со.

…ШахIаб гена ца велира. ЦIенош чуьра ара а ца велира. Кхечу цIа чохь вара цуьнан йуьртахо а, дика нохчийн мотт хууш цхьа дегIастанхо а.

– БерхIиттаннал хьала ца бовлу уьш. Цунна реза вуй шуьшиъ? – хаьттира цо цаьршинга.

– Жимма ладугIур оха. Ткъанна тIера йуха ма вала.

– ХIинца дуьйна дIа йочанаш хир йу, тIедогIуш Ia ду. Кхечо мотт баьхьана, Iедало иза вийча, йа иза цамгарх велча, берхIитта кепек а йоцуш ма дисахьара вай.