Шен кехаташ, дIа а хьарчийна, папки чу листира Караловс.
– Хьан Локхалле цхьа дехар ду сан. Шайна тIедехкина декхарш доггаха, дуьззина кхочушдинчу МахкатIан, Жимачу АтагIан йуьртдайшна, стражникана Гайтукаев Муслимана, дошлочунна Муртазалиев Iабдул-Межедана баркалла а олуш, дораха хилча а тарло, совгIаташ далар.
– Дика ду. Кхечара масал оьцур цаьргара. Рапорт йаздай, сан гIоьнче дIалохьа.
2
Шелана гена доццуш, Хулхулон тогIи уллохь, хьуьна йистехь ша лаьттачу цIа чохь цомгаш Iуьллу Зеламха. Кхузахь цхьа а лулахо вац. ЧувогIуш стаг а вац. Атталла Йовмирзин доьзал а бац кхузахь. Шелахь бу. Зеламха кхуза воссале Шела дIабигна. Хьанна хаьа, Зеламха кхузахь хилар бераша гIарадаккхахь а.
Кхузахь Йовмирзин кха ду. Цхьа урд хиллал. ХIокху шарахь хьийкъина хьаьжкIаш хилла цунна. Дийнахь сарралц уьш чуйерзош болх бо цо. Цкъа хьаькхна охьайехкина. ТIаккха мор оьцуш, такхораш дина. ХIинца лоьдгех цIанйеш ву, гIодмийн цIевнаш а доьхкуш. Кийча цIевнаш такхора а хIиттош. ГIоьнна зуда а, бераш а ца даладо. Шa цхьаммо дIалуьсту цо хьаьжкIаш. Масех бежана а ша Iалашдо. И берриг болх шен йаьIни тIе лаьцна Йовмирзас. ХIара цомгаш волу Зеламха арахьарчу кхерамах ларван.
Зеламха цамгаро лаьцна. Меттахь висина а вац иза, амма дено-дено дeгI гIеллуш, ницкъ оьшуш, кIелвиса гIерта. Наггахь дaгe лазар лелха, садаIар хала хуьлу. Даим дIа дeгI шелло, хорша йолуш санна. ХIусамдех эхь ца хетча, буса тIехуларчу духарца охьавуьжур вара иза. ХIокху кхойтта шарахь даим дeгI цIена леладора Зеламхас. Йовхачу хенахь аьтто хуьлура ламанан хиш чохь лийча. Шийлачу хенахь ша эвхьаза волчу нахехь, хи а дохдойтий, луьйчура. Iожалла ма йара, кIажош хьоьшуш, тIаьхьахIоьттина лелаш. ЦIеххьана цо катоьхна вожавахь, дeгI цIена хила лаьара. Маж-мекх а, шен хенахь лоргуш, тамехь латтадора. ХIокху тIаьххьарчу хенахь дегIан доладан аьтто ца нисло. Сих-сиха хийца беза меттамотт. Караловн, Морганиян, Кибировн айкхех ларлуш, цхьана йуьртара кхечухьа кхелхаш. Дено-дено хала хуьлу цунна и некъаш дан. Ницкъ бац. Азвелла. Йуьхь йуткъайелла. Маж-мекх дахделла. Хьехахь хан йоккхуш, цхьацца белхаш беш, куьйгаш а шагделла.
Нохчийн масех лоьро дарбанаш лелийна цунна. Цхьацца бецийн муттанаш, хьорамийн чай мийлош, моз даош, саьрамсаькх, хох, моз эдеш бина белхьам баош. Цхьацца йараш, ножан ковсташ кхехкош, церан Iаьнарна тIехийшош а. Амма цамгар дIа ца къаьста. ХIокхунна дарбанаш лело оьрсийн лор вало а, цхьанхьа шахьара хIара дIавига а ца баьхьа.
ХIинца гуьйренан хьалхара бутт болабелла. Кестта йочанаш йуьйлалур йу, тIаккха Ia тIедогIу.