Овхьадан даг чохь даиманна а дисира цара даккхийтина цхьа сурт. Автомобилахь кхуза далийна цхьа къона зуда а, йоI а, кIант а. Оза, йеха йуьхь йолуш, лекхачу дегIахь, ткъе пхийтта шо хенара зуда. Цунна тIехь йеха Iаьржа коч а, дегIах хьарчош коьрта тиллина кIинж йолу довха, доккха кортали а дара. Дуткъа дегI, хаза йуьхь-сибат долчу, вуьрхIитта-берхIитта шо хенарчу йоIана тIехь баьццара йеха коч а, коьртахь чечакх йолу доккха, кIайн кортали а, аьрру куьйгахь хьарчийна буйна къевлина мерах хьокху йовлакх а дара. ВорхI-бapхI шо хенарчу кIентан коьртахь холхазан лоха куй, тIейуьйхина кочана а, пхьуьйшашна йукъахь а, гонаха а холхазан асанаш лаьцна, дуткъачу машин йеха пальто йара.
Овхьадана уллохь лаьттачу цхьана стага элира, и зуда Зеламхин вешех Солтамурдах йисина Зезаг а, бераш Зеламхин йoI а, кIант а ду аьлла. Уьш Зеламхин докъа тIе а хIиттийна, зудчуьнга хаттар дира Караловс. Зудчуьнга цо хIун хаьттира, ца хезира Овхьадана, хетарехь, и вийна Iуьллург Зеламха вуй бохуш, хоьттура. И гIуллакх чекхдаьлча, Караловс дIа ца хийцира зуда а, ши бер а. Сийсара йинчу операцин декъашхой – гIалагIазкхий а, дегIастанхой а – тIе а гулбина, Зеламхин докъана улло дIахIиттийра цо. Царна хьалха, Зеламхин коьрте дIахIиттийра Зезаг а, ши бер а, цхьанхьара схьайалийна цхьа йоккха стаг а. Фотограф церан суьрташ дехира.
Овхьад цецвуьйлура оцу наха лелочу акхачу къизаллех. Ден докъа тIe ши бер а хIоттийна, ткъа иза вийна шаьш царна тIехьа а хIиттина, суьрташ дохуьйтура цара. Цхьана а тайпа бехк-гуьнахь доцчу оцу шина берах къахетар, доглазар, цаьрца гIиллакх лацар а дацара. Эхь-бехк, оьздангалла хIун йу ца хууш, къиза, акха адамаш дара уьш.
Оцу кхойтта шарахь Зеламхин цIе йоккху хезча, кхералой, дегIа тIера массо а чо ирахIуттура салтийн а, гIалагIазкхийн а. Дийнан делккъехь эскарех йуьзначу гIали чу Зеламха веача, куьйранах котамаш санна, барзах уьстагIий санна, кхералой, дIасабовдура уьш. Зеламха цамгаро кIелвитина, гIорасиз ца хиллехь, шеко йацара, оцу чагIалкхийн бажа дIаса а баржийна, сийсара иза дIагIуриг хиларан. Цунах бIаьрг кхетча, меженаш лехий, багара Iаь ца йолуш буьсура.
ХIинца уьш майрра гонаха хьийзара веллачу Зеламхина. Делла Iуьллучу лоьмана гонаха Iаьржа хьаргIанаш, стешха чагIалкхаш санна.
Зеламха майра, оьзда, доьналле къонах, нохчийн халкъан тешаме кIант вара. Зеламха шен заманан кхетамца вехира. Боданечу шен халкъан кхетамал лакхавала ницкъ а, хьекъал а дацара цуьнгахь. Цунна маршо йезара. Шена а, шен халкъана а. Цо оцу маршонехьа къийсира, шен хьекъале, кхетаме, ницкъе хьаьжжина. Оцу кхойтта шарахь цо бекхам ийцира шен халкъера маршо дIайаьккхинчу, мохк дIабаьккхинчу, иза мацалле дерзийна, цунна тIехь харцонаш лелочу, иза Iазапехь даллочу шен халкъан мостагIех.