1
Россехь цкъа хьалха революци, тIаккха граждански тIом болуш масех декъе йекъайелира Нохчийчоь.
Цхьаболу нохчий Ведана охьахевшинчу суьйлашна – имамана Узум-Хьаьжина, Нажмуддина, туркоша кхуза ваийтинчу имам Шемалан кIентан кIантана СаьIад-Бекана – тIаьхьахIиттира.
Кхиберш большевикашна Орджоникидзена, Кировна, Гикалона, Эльдарханов Таьштамарна, Шерипов Асланбекана тIаьxьаxIиттиpа.
КхоалгIанаш Чермоев Тапа коьртехь волуш, кхоллайеллачу Ламанхойн правительствехьа гIевттира.
БоьалгIанаш белогвардейцашна Деникинна, Бичераховна, Алиевна, Чуликовна тIаьхьахIиттира.
ПхоьалгIанаш, цаьрца цхьаьнцца а боцуш, шайн-шайн гIеранаш кхоьллина, талораш деш лелара. Царна башха а бацара цIенаш а, кIайнаш а, къорзанаш а. Салтий йа гIалагIазкхий хилчахьана, бойура, цаьргара герз, духар схьа а доккхий, декъий чIанадохий, цхьанхьа дIакхуьйсура.
Дукхахболчу нохчийн ойла большевикашкахьа йара. Цкъа-делахь, цара дохийна дIадаьккхинера бIешерийн дохалла нохчийн халкъ хIаллакдина, цуьнгара маршо, мохк дIабаьккхина, иза Iазапехь даллийна оьрсийн паччахьан Iедал. ШолгIа-делахь, шаьш Iедал къехойн кара лур ду, латта, заводаш, фабрикаш халкъан дола йохур йу, къаьмнашна, динна маршо лур йу, даккхийчу а, кегийчу а къаьмнашна йукъахь нийсо йийр йу, бохура большевикаша. Ткъа нохчашка паччахьан Iедало цаьргара дIабаьккхина мохк царна йухаберзор бу а, бохура. Маршо а, шайн мехкан дай хилар а – иза дара бIешерийн дохалла нохчийн халкъо сатийсинарг. КхозлагIа-делахь, большевикашца бара нохчийн халкъан уггар хьекъале, кхетаме нах – Таьштамар, Асланбек, МитIин Iела, Солса-Хьаьжа, Соип-Молла, кхин дуккха а.
Шовзткъа эзар эпсарх вовшахтоьхна Деникинан эскар Нохчийчу деача, большевикашкахьа, Советийн Iедалехьа тIамехь ийгира эзарнаш нохчийн кIентий. Деникинцаша маситта йурт йагийра, йохийра, талийра. Азамат-Юрт, БердакIел, Гуьмсе, ГIойтIа, ГIулара, Доьлака, Къеди-Юрт, Мелчхе, Ной-Боьра, Устар-ГIарда, Хьаьдаз-Юрт, Цоци-Эвла, Iалхан-Юрт, Чечана, Энгель-Юрт, кхин дуккха а. Амма Деникинан тоьлла эскар, дохийна, Нохчийчуьра ара а даьккхира.
ХIетахь большевикашца вара Овхьад. Эскарехь кхетаме болх беш. Наггахь герз карахь тIамехь дакъалаца дезаш меттигаш а нислора. Масала, Соьлжа-ГIалахь БIедийнан тIом болуш а, ГIойтIа, Iалхан-Юрт ларйеш а. Чахкарахь хиллачу тIамехь Асланбек вуьйш цунна уллохь а вара иза. Граждански тIом чекхбаьлча, Нохчийн областан ЦИК-н органашкахь болх а бира цо. Амма Советийн Iедалан хьалхарчу шерашкахь цуьнгахьа а, большевикашкахьа а шовкъ дIайелира Овхьадан. Къаьсттина революцехь а, граждански тIамехь а дакъалаьцна нохчий даржаш къийса боьлча. Цара вовшийн сийсазбора, боьха мел дерг вовшашна тIехтухуш, ЧК-н органашка дIакхуьйлура. Иштта, оцу меттанашца цара Iедална хьалха бехбина, цхьаберш балхара дIабехира, вуьш лийцира, кхиберш набахтешкахь байира. Царна йукъахь бара Овхьада лоруш хилла Эльдарханов Таьштамар, Гойсумов Соип-Молла, Митаев Iела, кхин дуккха Iеламнах, къоман бакъболу тешаме кIентий а.