ТIаккха колхозаш вовшахтоха йолийча, цхьацца йарташкахь бахархой оцу политикина дуьхьал гIитта буьйлира. Ткъа и дуьхьалонаш Iедало йоккхачу къизаллица хьоьшура. Нах лоьцуш а, цхьаболчарна тоьпаш йетташ а. Кертара даьхни, кхидолу долалла дIадоккхуш. Жимма а таро йолу нах, кулакаш бой, церан бахам дIа а боккхуш, доьзалшца цхьаьна Казахстане ссылке бохуьйтуш. Паччахьан Iедал хийцарх, Нохчийчохь хийцаделла хIумма а ца гора. Бакъду, хьалха и таIзарш дийраш салтий а, гIалагIазкхий а хиллехь, хIинца цаьрца нохчий бара шортта. Милицийн, партизанийн, дружинникийн отрядашкахь цхьаьнакхетта. Вовшашна айкхбийлар даьржинера нохчийн исторехь цкъа а ца хиллачу тайпана.
И къизаллаш, харцонаш ца лайна, церан декъашхо ца хила балхара мукъа а ваьлла, Гати-Юьрта цIа а вирзина, хIетта кхузахь схьайиллинчу ишколехь хьехархочун балха хIоьттира Овхьад. И ишкол цуьнан вешин Iабдин цIеношкахь йара. Iабди, СаьIад, Хьуьси, кхин масех йуьртахо, кулакаш бина, доьзалшца цхьаьна Казахстане ссылке бахийтира, ткъа церан бахамаш, цIенош колхозан а, йуьртан а дола дIабелира.
1937-чу шарахь, цхьа а бехк-гуьнахь а доцуш, халкъан мостагI ву аьлла бехкевина, суьдехь кхел а ца йеш, итт шо хан а тоьхна, Сибрех вахийтира Овхьад. ЦIахь дисира Седа а, цхьа кIант а, кxo йоI а. КIентан ткъе пхи шо дара, цуьнан зуда а, бер а дара. Цхьа йoI марехь, ши йоI ненаца йара.
Итт шо хан йуьззина чекх а йаьккхина, 1947-чу шеран февраль чекхболуш, лагерера аравелира Овхьад. Нохчийн халкъ махкахдаккхар хиира цунна Соьлжа-ГIала кхаьчча. Казахстане, Йуккъерчу Азе бигна бохуш, хезира. Гати-Юьртахь цIахь висина нохчо хиларе дог даьхна, цига вахара Овхьад. Йуьртахь керла бахархой бара – нуьцкъах лаьмнашкара охьа кхуза кхалхийна суьйлий. Йурт тишйеллера. Цхьа а нохчо вацара йа Гати-Юьртахь а, йа луларчу йарташкахь а. Махках ца боккхуш, Веданахь цхьа доьзал битина, элира суьйлаша. Обарг Зеламхин доьзал.
Овхьад Ведана вахара. Шовзткъе кхо шо хьалха, даймахках ваьлла, цкъа Гуьржехахь, Азербайджанехь ворхI шо а даьккхина, Сибрехь ткъа шо хан а йаьккхина, веара иза Ведана, хIинца итт шо хан а йаьккхина вoгIypa. Хьалха кхуза вогIуш, шовзткъе диъ шо дара цуьнан, хIинца дезткъе ворхIалгIа ду…
Кхузахь бехаш а бара суьйлий. Хьалха тIенисвеллачу суьйличо Зеламхин кIант Iумар-Iела волчу вигира Овхьад. Цунна уггар ца дезачу милицин цIеношка. Iумар-Iела районехь НКВД-н отделан начальник вара. Овхьад мила ву хиъча, шен йиша Муслимат йолчу цIа вигира цо. Суьйранна Зеламхин важа йоI Энист а йеара цаьрга. Цара дийцира Овхьаде нохчийн халкъ махкахдаккхар муха хилира. Ведана районера дукхахболу нохчий Казахстанехь Павлодарски областехь бу, бохура цара.