ЙУХА А… ТОЙСУМ
ДIатиэкхара шераш: колхозехь болх а, чуьра гIуллакхаш а деш, бераш а лелош бехара йижарий. Воккха хилла Джамбул детъяслера детсаде ваьккхинера. Нурседас дукха къахьоьгура шина бераца. Йуург ца йезаш, эгIаза кхуьура Зама. Шиммо а роггIана цхьацца берийн сиркхош лехьайора: кхартанаш, кIаж-йовхарш, маждар, кIомарш. Тайдоккхургаш йуьйлура кест — кеста Замина. Стохка цунна легашка йаьхкина йекхоаш хIинцца бен дIа ца йевлира. ЦIена леладора бераш. ХIетте а, и ший а «дика ларадора», къаьсттина Джамбул. Йа хоттах эккхаргаш лоьлхуьйтуш, йа хьозашна речIа йийгIина, йа чIижаргIа кхуьссуш, йа шедага чухула чопанан лоппагаш хоьцуш, харцахьа лелий, лелий, доллу коч-хечий бехдой, вогIура и цкъацца.
Бедар керланиг оьцийла а ца хуьлура моссазза а, баккхийчеран лелийнарш вовшахйетташ, йома туьллуш, цхьацца мадар йора.
«Салматалла хила йеза!» — олура Тавсолтас а. ЙоI — дегабааме, кIант — дегала кхуьура. Кест-кеста дов долура церан. Тахана а, шен-шен «говрахь» шаьш Iашшехь, вовшахлетира и шиъ. ОьгIазйахана, шинна а туьйхира Нурседас.
— Ма йеттал сан маликашна! — Селитас хьаьстира ши бер.
— Ду… «Маликаш!»… Тохар цхьаъ «говра» тIе хаахь, вукхо и дIаозайора, собар ца деш… Ткъа хIинца шен-шенна аьлла, шиъ эцча а, цхьанна тIехь Iашшехь, важа а дIаийзориг гой хьуна?.. Хуьрсигаш!.. Шинна а цхьацца Iаж ло — боккханиг Джамбулна хIунда кхаьчча, олий, Зама йоьлху! Джамбула, ша стоьл тIера чу а тоьхна, варенин банка йохийна, ткъа шен и берриг а — гой хьуна? — варенеша буьзна пIелг Замина тIе хьежабо… Гайта!.. Маликаш мичара дара хIорш!.. Баккхийчеран йоллу амалш го-кх хIинцале гучуйуьйлуш: хIинца тайнигаш къуьйсу, кхано — гIаланаш къуьйсур йу!..
ТIейахана Джамбулан лерг хьовзийра Нурседас. Зама нанна тIе хьаьдира:
— Ма йетта… вита сан ваша!
— Гой хьуна? Ма тоьлу уьш вайл, — йелаелира Селита.
Цкъацца хьостура уьш нанас: «сан буьхьиг», «батIал», «сан бумбари»… — ца туьллуш цIе ца йуьтура. Селитас царна тукарца кехатех сурташ дохура; поппарех сурташ дан Iамадора, бираьнчика тIехь хохкура уьш. ДIадийшош, церан додеш, бишеш а нецас дуьлура. Тавсолтин а самукъадолура йоьIан берашца. Джамбул хIума йууш Iаш ша тIе моссаза кхечи а, хьовзавора и дадас:
— Йаалахь, Джамбул, хьуо вуззалц: вузар доцург дерриг валар ду, хьуна, нохчийн маттахь: мацвалар… шелвалар… гIелвалар… кIадвалар… сихвалар.. — олий, дIаволалора и. Джамбул велакъежара, амма карара баьпкан йуьхк дIа ца хоьцуш. И кхин а хазлора Тавсолтина: «ДIа ма хецалахь — ден мажал а тоьлу, хьуна, иза», — коьртах дай-й куьг хьокхура. Шинне а тIетаьIIина денна а нохчийн мотт Iамабора Тавсолтас: «Шен мотт цабезарг — шен халкъ а ца дезарг ву», — олура.