Светлый фон

— Кхин а доьхнарш а дукха хилла: дийнна къаьмнаш дайина меттигаш а йу исторехь…, — жоп делира Керима.

Тойсума, къамел говза керчош, питане хеттарш дора, амма Керима царна дуьхьал жоп, Iедална гергахь а раз а доцуш, бакъдолчуьнгахьа оьзно лора.

— Ткъа нийса хетий хьуна хIинца жуьгташна дуьхьал лелориг?..

— «АхIа!.. Цунах лаьцна нехан йолу ойла таллар а тIедиллина хIокхунна», — дагатесира Керимна.

— Делахь а, уьш шаберш а ма ца хьийзабо… Цхьацца бехк баьлларш…

— Хьажахь, ас хьастагIа буса приемник чухула ладоьгIча, «Американ аз» чухула луьйш верг мила вара хаьий хьуна? ЦIенчу нохчийн маттахь Авторханов… Ма-дарра вайгахь латто хьал дуьйцура. ЧIогIа хьекъал долуш стаг вара… Суна вевзара иза…

«Цуьнца хьенан хIун уьйр йу хаа а лаьа»…

— Сан йац приемник. Ас репродукторх а тоам бо. ТIе, веддачу эмигранто дуьйцург дош хеташ а вац.

— И-м нийса бах, хьуна, ахь, — сиха вухавелира Тойсум.

— «ХIета, питана чуьраваьлла лело хьаькамаша ца могуьйтучух тера ду хIокхунна»…

— Хьо хIунда веънера? — хаьттира Керима шийло, къамел дIадерзо дагахь.

— Гой хьуна, мовлад йешийта дагахь вара со… Тхан цигахь, Джамбулехь, Iийна, молла Бауддин дукха хан йоццуш кхуза схьакхелхина, бах… И мичахь Iа ца хаьа хьуна?.. — хаьттира Тойсума, хьена ши бIаьрг кхунна тIехь а сацош.

— Цхьанхьа и кхузахьа ву бохуш-м хезнера суна, амма суна вевзаш а, мичахь Iа хууш-м вац иза, — элира Керима, шена хуъушехь.

— Делахь, со и лаха воьду… И оьшу суна! — аьлла, шуьйрра ши куьг а лестош, урамехула хьалаволавелира Тойсум…

ТIехволуш, ТавсолтагIеран чу хIоьттира Керим:

— Веъна, кхузахула лелаш Тойсум ву, хьуна… И чу ма виталахь… Ларлолахь цунах!

— Дала ларвойла шех! И-м суна вевза хьуна… Муха кхаьчна кхуза?

Керима дийцира.

— Тамаш бу-кх, цхьа зулам ца деш, дIаводахь! — велакъежира Тавсолта.