— И-м нийса а ма ца догIу цуьнан, ша мозгIар хиларе хьаьжча а, — элира Керима, Сталин семинарешкахь дешна хилар дагадеъна.
— Христианийн динехь ма ду: «Иттанна йуккъехь цхьаъ мукъна, бехк боцуш велахь, уьш массо а таIзарх мукъабита», — аьлла.
— Дан-м ду… Амма цо, бIенна йуккъехь цхьаъ бехке хетахь а, и бIе а хIаллак-м во… ХIинца кхин хIун долийна хаьий хьуна цо? — соцунгIа хилира Венкин. Керим сакхвелира.
— Хьажалахь, и шун къомах а хьакхалуш!.. — элира Венкина. — Америкин президенте, дукха хан йоццуш, гIо дар кхайкхийна вайн махкахь динехь болчарна… Ткъа хIун моьтту хьуна? ХIинцале кехаташ даьхкина-кх Москохара: динахошна тIехь тидам алсам а баккха, цхьаъ цаьргара доллушехь, кхоа а ма бе! ДIалеца! — аьлла!.. И хIун ду хаьий хьуна? Боцу бехкаш тIе а кхуьллуш, хIинца дуьйна чубохка болор бу, хьуна, уьш — «хьалххехь» — Сталинан амалехь. Гур ду хьуна…
Ший а Венкин Iачу цIеношна йуххе кхечира:
— Суна хьо дика вевза, со хьуна ца вовзахь а… — элира Венкина. — Ахь шайн къомана даьккхина орца а хаьа, бехк а боцуш хьо лаьцна хьийзавар а хезна… Со теша хьох… Со кхузахь Iаш ву… Сан цIе Петр йу, Керим. Гур ду вай кхин а! — аьлла, Кериме куьг а делла, и чувахара.
«Ма йоккха йукъ ца оьшу вайн заманахь стеган де хийцадала: дукха хан йоццуш вайн «мехкан элех» волу иза… тахана соьга нисвели», — бохучу ойланца ша схьавогIуш, Керимна гира, генара дуьйна а, тIамарш а йаржийна, верриг вела а вахана, дуьхьалвогIу цхьа стаг — йуххе тIекхачалц, вовзанне а ца вевзира иза.
— Маса шо, мел хан дIайели вай ганза, сан хьоме вешин кIант!..
Тойсум вара. ХIумма а хаза ца хийтира Керимна: «Кхин бIе шо а даьлла делара», — элира дагахь.
Тойсум маракхийтира. Керима, дуьхьал куьг а даьхьна, дIахилийра цо, оба ала дагахь, шена тIейерзийна бат. Цуьнан и тIуьна оба лога тIе нисйелира. Керимна и ганза а, тIе и вицвелла а, Баккъал а дукха хан яра: тIом а болабалале дуьйна. Кериман тайпана, дехойх лоруш гергара хуьлуш а вара иза, амма Керимна хезнера и мотт тухучех ву бохург а, хан а тоьхна, и лаьцна лелла хилар а.
Керима шийло ша тIеэцар ца тосаделлачух Тойсум самукъане векара:
— Хьажахьа, со йуххехь Джамбулехь Iаш ву, хьо кхузахь Iаш хилла, хIетте а вовшийн ву-вац а ца хууш Iа… Сан хьоме вешин кIант, муха деха шу, дийцахьа…
— Вон ца деха… ДIа Iаш ду…
Керима шен къамел, шор ца деш, гIеххьа дIакхоьхьура, ца хууш а цуьнга «чугIур ду вай» ца олуш. Тойсума къамел кхечу зил тIе даьккхира:
— Хьажахь, вайн къомана кху Iедало динарг? Исторехь цхьана а Iедало дина а дуй техьа и санна дерг?
— «ХIинца талла волавелла… Ларвала веза»…, — ойла хилира Кериман.